• «Ситтату усул» олу Iакъидат жайна доьшуш дарс хир ду ницкъ кхачаран барамехь хIора дийнахь кху чохь https://us04web.zoom.us/j/5837384242
• Мисрера хенаца 19:00. Нагахь, хьала ца латош, 5 минот тIаьхьависнехь, дарс дац боху маьIна ду.
• Жайна доьшуш я Iилма Iамош ца хиларх, мегар ду пайда эца, хьайн АллахIах дерг, хьайн динах дерг девзар ду.
• Запись ян пурба ца ло цхьанна а, юха тIаьхьа записаш кечйина, чуйохкур йолуш ю.
• Ткъа вайн чекхдаьлларш «Бида́яхI фи́ Iилмил Iакъи́дахI»,
«Сала́сатул усу́ли»,
«Ал-Iакъидату аввалан» цIе йолу Iакъидат кхо жайна ду.
https://tlgg.ru/adlan_haracho

Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 (أم فاروق)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Чlогlа дика аьтто бу-кх чохь бераш долчарна
АллахӀа къинхетам бойла Шайх Абу-Бакр Жазаирих, хӀинцца кхуьнан дешнаш кху чу хӀиттош «АллахӀа Ӏалашвойла иза» аьлла дара сан яздина, тӀаккха Шайх кхелхина ма ву аьлла сайн и дерриге гочдина дешнаш долче хьаьжча, дуьххьара гочдина шина йозанна тӀехь «АллахӀа Ӏалашвойла иза» аьлла ду, кхидӀа «АллахӀа къинхетам бойла цунах» аьлла ду, дуьххьара ас гочдинарг Шайх дийна волуш дина хилла, вуьш иза кхелхиначул тӀаьхьа дина хилла, иштта ду-кх дуьне! Ткъа гӀайгӀане вийриг - иштта цхьацца волуш, и баккхий Ӏеламнах берриге дӀабевлла де ган дезар ду те бохург ду-кх!
Дуьнен тӀера Ӏилма дӀа далар муха хир ду аьлла Пайхамара?
Anonymous Quiz
8%
Жайнеш дӀа довларца
7%
Ӏилма хьоьху меттигаш дӀа йовларц
82%
Ӏеламнах дӀа бовларц
3%
Хьадисаш дӀа довларца
29-гӀа февралехь гӀаскхийн десантаца хилла тӀом буьйцу, цигахь хиллачара шаьш👆
Рузбан хьехам боьдуш болуш маьждиг чу веъначо салам дала дези, я деллехь цуьнгара схьа эца а дези?
Anonymous Quiz
15%
Дала деза, схьа эца а деза
40%
Дала ца деза, амма деллехь схьа эца деза
46%
Дала а ца деза, схьа эца а ца деза
Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
HEHAM TV
Вайн маттахь хьадисаш, lеламнехан дукхе-дукха дешнаш, аятийн маьlнаш, доlанаш, хьехамаш карор ду шуна кху чохь.
Иштта lадланан а, Ахьмадан а, Рамзанан а, Муслиман а, кхечеран а аудио-хьехамаш а.
Амма суна уггар дика хеташ дерг: бух боцу хьадисаш, дийцарш, кхидерг а билгалдар; мегар доцу хlуманаш а, деша мегар доцу жайнаш а, мегар долу жайнаш а довзийтар.
Чу а довлий, пайда эца. Шайна бевзучаьрга а эцийта.
@hehamtv1

Къуръан юкъахь чо карийни хьуна?
Anonymous Quiz
17%
Ца карийна
3%
Хьажа везаш ву
80%
Къуръан юкъахь чо леххала Ӏовдала а вац со
Ялсаманца кхаъ беккхина асхьаб мас ву?
Anonymous Quiz
7%
Пхиъ ву
54%
Итт ву
39%
Дуккха бу, амма цхьан хьадисехь вагар винарг итт ву
Forwarded from ИСЛАМАН ТАРИХ
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Ахьмад Хьамза ву жайнийтIехь болх беш наб озайна . Иштта Iилманца гергалло долаш къонах вара шайх Ахьмад Хьамза.
Дала декъал войла иза.
Дала декъал войла иза.
Амин, АллахӀа декъал войла хьо, гина а воцуш, гаре са а туьйсуш дукха безначех вара хӀара.
Башхалла-м ю, жайни тӀехь наб кхетачуьнна а, телефон тӀехь наб кхетачуьнна а юкъахь! ТӀаккха а, цу телефон тӀехь наб кхетачеран ала хӀума хуьлу, ян Ӏоттар хуьлу жайни тӀехь наб кхетачарна, ойла йича тамашина-м ду! Ма дарра аьлча кхин тамашина а дац, 21-гӀа век ма дай!

Forwarded from Шайх Вахьид Балий
نرحب بك شيخنا ووالدنا، نتشرف بوجودكم معنا
Вайн Шайх Вахьид ву хӀинца кху канал чохь вайца, марша вохийла хьо тхан лараме, хьоме шайх!

Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀиццалца ламазан схьа дуьйла бохуш маьждигера бетташ болу мохь, хӀинца шайн ламазаш шеш долчехь де бохуш бетта! Ма ирча мохь букх иза!
Хьакъ дац шу сан хӀусаме дахка а, я сан хьаж-цӀа дахка а боху те вайга АллахӀа?!!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Хьакъ дац шу сан хӀусаме дахка а, я сан хьаж-цӀа дахка а боху те вайга АллахӀа?!!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Iумрат дарах нах совцийна, маьждигаш жамаIат ламазах а, рузбанах а дIакъевлан, моллех ца кхайкхалуш «ламазаш шайн чохь де» олучу хена мол кхойкхурш боьлхуш, тIаккха иштта маьждигаш дIакъовла мегар ду я дац аьлла цу тIогIал Iеламнахан юккъе боккха къовсам а боьжна, даг чуьра кхерам а, хорам а дIа ца болуш, тарийхехь цкъа а хилла доцучу кепар хьал ду вайна дIадоьдуш тахан дуьнен тIехь!
Амма хIокху хьола юкъахь аса тамаш бинарг хIун дара аьлча, цхьа а гIайгIа боцуш шайна садоIуш бу-кх цу маьждигца бала боцуш шайн Iесалли чохь берш а, вукха агIора цу маьждигера имамаш кафирш бу аьлла царна такфир а дина, жамаIат ламазах а, рузбанах а дIахадархьама шеш шайна бахьна лехна паргIат бевла охьа хевшинарш а!

Коронавирус
Бусалба дин - цӀена дин а, АллахӀера бакъ дин а хилар гойтуш-м шортта а тоьшаллаш дара, делахь а, уьш юх-юха кхин а карладийларо вайн дегнаш чохь тӀечӀагӀдо-кх и АллахӀ цхьаъ хилар! АллахӀера цӀена дин муха хир дац, 21-гӀа бIешарахь, интернетан оьмарехь, цивилизаци йолчу заманахь адам хьашт хилча цхьа эзар диъ бӀе шо хьалха вайн Пайхамара диначу хьехаршка?! Нагахь шайна хеташ хилча вайн Пайхамар харц, батта тӀе а кхаьчна, генадевлла шаьш, ткъа бусалба нах тӀаьхьабисина бохуш, мохь беттачу керста наха а, царех тешаш, уьш бакъбеш болчу мунафикъ наха а Ӏаддадита хӀинца Пайхамаран хьехарш! Батта тӀе а бахана, цивилизацехь генабевллачеран шайн кепара хӀуманаш а хила ма деза коронавирусах ларбала!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна дийнахь пхоьазза ламаз эцар хьехнарг, араваьлча гуш хуьлуш йолу, вирус, бактери тӀеяла тарлуш йолу массо меттиг йила Ӏамийнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шайн яххьаш, куьйгаш дила дезий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна зударшна никъаб лелор тӀедиллинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна маска лелор пайде дуй!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна зударшна шайн куьйгаш а дӀакъовлар тӀедожийнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна куьйгахь каранаш лело дезий арабовлуш!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна бага гӀаттор сацо хьажа, саца ца лахь дуьхьал куьг лаца аьлларг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шен багара микробаш ларо езий а, нехан багарчу микробех ларвала везий а!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна хьоршам тухуш бета тӀе ши куьг дилла дезий довзийтинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна вирус кхечунна дехьаяларан уггар доккха бахьана иза дуй!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна юург шелйо бохуш, тӀе мох ма бетта бохуш хьехнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна вирус иштта дехьайолий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна хи молуш, садаккха, молучера айхьа охьадерзийча, хи чуьра хьайн бат дӀа а ерзаяй даккха са аьлларг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шен микробаш муха ларо еза!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна урс хьакхаза хӀума а, тӀема болу дахка а баар хьарам динарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна уьш йиъча зен хуьлий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна адаме луш долчу куьйган а шен доза хӀоттинарг, зударшка далар дехкарца! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна хьаьнг-хьаьнга а куьг дала мегар даций!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна, цаяьлла, цхьана хьаштанна бен зудчунна араяла ца магийнарг, стагана а дукха нахаца иэвалар дика ца леринарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна, гӀуллакхна бен ара ца бовлуш, чохь совца безий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна лепра лазар долу стаг байӀат дан шена тӀевогӀуш – «схьа ма вола, ас къобалдина хьан байӀат», - аьлла, хабар дахьийтина, иза шен чохь Ӏан везий довзийтинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шена вирус кхеттарг дарбанан цӀийнера ара ца волуьйтуш латто везий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна ун даьржинчу махка ма гӀо, шаьш долчу махкахь даржахь, цу махкара ара ма довла баьхнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна пачхьалкхийн дозанаш дӀакъовла дезаш хилар!
Иштта кхин масане ду уьш. Ма сийлахь ву-кх кху Ислам динах тасавелларг, ма дукха билгалонаш ю-кх кху динах шек волчунна.
[Коронавирус, агӀо: 2-4]

Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ТIера бала дIаайбар доьхуш доIа дечухенахь, иштта куьйгаш айбар суннат ду.