Амин, АллахӀа декъал войла хьо, гина а воцуш, гаре са а туьйсуш дукха безначех вара хӀара.
Башхалла-м ю, жайни тӀехь наб кхетачуьнна а, телефон тӀехь наб кхетачуьнна а юкъахь! ТӀаккха а, цу телефон тӀехь наб кхетачеран ала хӀума хуьлу, ян Ӏоттар хуьлу жайни тӀехь наб кхетачарна, ойла йича тамашина-м ду! Ма дарра аьлча кхин тамашина а дац, 21-гӀа век ма дай!

Forwarded from Шайх Вахьид Балий
نرحب بك شيخنا ووالدنا، نتشرف بوجودكم معنا
Вайн Шайх Вахьид ву хӀинца кху канал чохь вайца, марша вохийла хьо тхан лараме, хьоме шайх!

Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀиццалца ламазан схьа дуьйла бохуш маьждигера бетташ болу мохь, хӀинца шайн ламазаш шеш долчехь де бохуш бетта! Ма ирча мохь букх иза!
Хьакъ дац шу сан хӀусаме дахка а, я сан хьаж-цӀа дахка а боху те вайга АллахӀа?!!
https://tlgg.ru/adlan_haracho

Iумрат дарах нах совцийна, маьждигаш жамаIат ламазах а, рузбанах а дIакъевлан, моллех ца кхайкхалуш «ламазаш шайн чохь де» олучу хена мол кхойкхурш боьлхуш, тIаккха иштта маьждигаш дIакъовла мегар ду я дац аьлла цу тIогIал Iеламнахан юккъе боккха къовсам а боьжна, даг чуьра кхерам а, хорам а дIа ца болуш, тарийхехь цкъа а хилла доцучу кепар хьал ду вайна дIадоьдуш тахан дуьнен тIехь!
Амма хIокху хьола юкъахь аса тамаш бинарг хIун дара аьлча, цхьа а гIайгIа боцуш шайна садоIуш бу-кх цу маьждигца бала боцуш шайн Iесалли чохь берш а, вукха агIора цу маьждигера имамаш кафирш бу аьлла царна такфир а дина, жамаIат ламазах а, рузбанах а дIахадархьама шеш шайна бахьна лехна паргIат бевла охьа хевшинарш а!

Коронавирус
Бусалба дин - цӀена дин а, АллахӀера бакъ дин а хилар гойтуш-м шортта а тоьшаллаш дара, делахь а, уьш юх-юха кхин а карладийларо вайн дегнаш чохь тӀечӀагӀдо-кх и АллахӀ цхьаъ хилар! АллахӀера цӀена дин муха хир дац, 21-гӀа бIешарахь, интернетан оьмарехь, цивилизаци йолчу заманахь адам хьашт хилча цхьа эзар диъ бӀе шо хьалха вайн Пайхамара диначу хьехаршка?! Нагахь шайна хеташ хилча вайн Пайхамар харц, батта тӀе а кхаьчна, генадевлла шаьш, ткъа бусалба нах тӀаьхьабисина бохуш, мохь беттачу керста наха а, царех тешаш, уьш бакъбеш болчу мунафикъ наха а Ӏаддадита хӀинца Пайхамаран хьехарш! Батта тӀе а бахана, цивилизацехь генабевллачеран шайн кепара хӀуманаш а хила ма деза коронавирусах ларбала!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна дийнахь пхоьазза ламаз эцар хьехнарг, араваьлча гуш хуьлуш йолу, вирус, бактери тӀеяла тарлуш йолу массо меттиг йила Ӏамийнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шайн яххьаш, куьйгаш дила дезий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна зударшна никъаб лелор тӀедиллинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна маска лелор пайде дуй!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна зударшна шайн куьйгаш а дӀакъовлар тӀедожийнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна куьйгахь каранаш лело дезий арабовлуш!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна бага гӀаттор сацо хьажа, саца ца лахь дуьхьал куьг лаца аьлларг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шен багара микробаш ларо езий а, нехан багарчу микробех ларвала везий а!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна хьоршам тухуш бета тӀе ши куьг дилла дезий довзийтинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна вирус кхечунна дехьаяларан уггар доккха бахьана иза дуй!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна юург шелйо бохуш, тӀе мох ма бетта бохуш хьехнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна вирус иштта дехьайолий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна хи молуш, садаккха, молучера айхьа охьадерзийча, хи чуьра хьайн бат дӀа а ерзаяй даккха са аьлларг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шен микробаш муха ларо еза!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна урс хьакхаза хӀума а, тӀема болу дахка а баар хьарам динарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна уьш йиъча зен хуьлий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна адаме луш долчу куьйган а шен доза хӀоттинарг, зударшка далар дехкарца! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна хьаьнг-хьаьнга а куьг дала мегар даций!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна, цаяьлла, цхьана хьаштанна бен зудчунна араяла ца магийнарг, стагана а дукха нахаца иэвалар дика ца леринарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна, гӀуллакхна бен ара ца бовлуш, чохь совца безий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна лепра лазар долу стаг байӀат дан шена тӀевогӀуш – «схьа ма вола, ас къобалдина хьан байӀат», - аьлла, хабар дахьийтина, иза шен чохь Ӏан везий довзийтинарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна шена вирус кхеттарг дарбанан цӀийнера ара ца волуьйтуш латто везий!
Мухьаммад пайхамар ву хьуна ун даьржинчу махка ма гӀо, шаьш долчу махкахь даржахь, цу махкара ара ма довла баьхнарг! Ткъа иза харцвечарна коронавирус яьржича хиъна пачхьалкхийн дозанаш дӀакъовла дезаш хилар!
Иштта кхин масане ду уьш. Ма сийлахь ву-кх кху Ислам динах тасавелларг, ма дукха билгалонаш ю-кх кху динах шек волчунна.
[Коронавирус, агӀо: 2-4]

Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ТIера бала дIаайбар доьхуш доIа дечухенахь, иштта куьйгаш айбар суннат ду.
Коронавирусах велларг эхартан шахӀид ву
Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«ШахӀидаш тайп-тайпана бу: дуьненахь а, эхартахь а шахӀид лорург ву, иза - АллахӀан дош лакхадаккха, керста нахаца тӀом беш, велларг ву.
Дуьненахь бен шахӀид ца лорург ву, иза - керста нахаца тӀом беш велларг ву, амма ният цӀена ца хилла цуьнан, масала, иштта керста нахаца эскар вовшахкхетча, букъ берзийна, ведда иза.
Эхартахь бен шахӀид ца лорург ву, уьш - кхидӀа бисина болу шахӀидаш бу (хи бух вахана, пен тӀебоьжна, доьзалхо веш елла зуда, уьнах велларг, иштта уьш саннарш)».
[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 189]
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«ШахӀидаш тайп-тайпана бу: дуьненахь а, эхартахь а шахӀид лорург ву, иза - АллахӀан дош лакхадаккха, керста нахаца тӀом беш, велларг ву.
Дуьненахь бен шахӀид ца лорург ву, иза - керста нахаца тӀом беш велларг ву, амма ният цӀена ца хилла цуьнан, масала, иштта керста нахаца эскар вовшахкхетча, букъ берзийна, ведда иза.
Эхартахь бен шахӀид ца лорург ву, уьш - кхидӀа бисина болу шахӀидаш бу (хи бух вахана, пен тӀебоьжна, доьзалхо веш елла зуда, уьнах велларг, иштта уьш саннарш)».
[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 189]
https://tlgg.ru/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьо дог паргӀат хила, нагахь хӀара видео гича ахь хӀара дешнаш аьллехь, хьуна коронавирус кхетар яц хьуна!
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي عَافَانِي مِمَّا ابْتَلَاكَ بِهِ وَفَضَّلَنِي عَلَى كَثِيرٍ مِمَّنْ خَلَقَ تَفْضِيلًا
АлхьамдулиллахIиллази́ Iа́фа́ни́ миммабтала́ка бихIи, ва фаддалани́ Iала́ каси́рин мим-ман халакъа тафды́ла́
Цуьнан тоьшалла:
Абу ХӀурайрата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Цхьа лазар долуш верг гиначо алахь «АлхьамдулиллахIиллази́ Iа́фа́ни́ миммабтала́ка бихIи, ва фаддалани́ Iала́ каси́рин мим-ман халакъа тафды́ла́», и цамгар цунна кхетар яц».
[Сахьи́хь лигIайрихIи: Тирмизий: 3432. Алба́нис сахьи́хь лигIайрихIи дина «Сахьи́хь таргIи́б ват-тархIи́б» жайнахь: 3392]
Пайхамар дош харц хила йиш яц хьуна, нагахь даггара Цуьнан дашех хьо тешаш велахь!

• «Бида́йатул-мутафакххихI» олу фикъх жайнан тIера марх кхабаран, иIтикаф даран а меттиг йоьшуш дарс хир ду ницкъ кхачаран барамехь хIора дийнахь кху чохь https://us04web.zoom.us/j/5837384242
• ЦIера хенаца 21:00, кхана дуьххьар дарс хир долуш. Нагахь, хьала ца латош, 5 минот тIаьхьависнехь, дарс дац боху маьIна ду.
• Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIоранна пайда эца аьтто болуш хир ду, тIе кхочуш мархийн бутт хиларх терра, цу баттахь хаттарш хIоранна а хуьлу, цундела, коьрта хаьа дезарг цуьнах довзийта а, пайда эцийта долош ду дарс.
• Запись ян пурба ца ло цхьанна а, юха тIаьхьа записаш кечйина, чуйохкур йолуш ю.
• Ткъа вайн чекхдаьлларш «Бида́яхI фи́ Iилмил Iакъи́дахI»,
«Сала́сатул усу́ли»,
«Ал-Iакъидату аввалан»,
«Ситтату усул» цIе йолу Iакъидат диъ жайна ду.

Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯIкъуба (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
Коронавирусах вайна хилла бала, бусалба нахе диллича инзаре чӀогӀа боккха бала бу! Нах цомгуш а хуьлуш, балар бохучу тӀехь чекхдолуш дац иза, мелхо а, кхин коьрта дерг - хӀара бала вайн динах хьакхабелла бу, АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхоьруш хилла долу хьал ду иза, цунах ша ларвар а дехна долу, цо олуш хилла-кх: «Я АллахӀ, тхан динах хьакхалуш бала ма ло Ахь тхуна». Ткъа вайн динах хьакхабелла хӀара бала, маьждигаш дӀакъевлина, рузба сацийна, сийлахь Макка, Мадинат дӀакъевлина! Адам пайхамара (ӀалайхӀис-салам) доьттинчу баххаш тӀехь ИбрахӀим пайхамара (ӀалайхӀис-салам) Хьаж-цӀа доьттичхьана дуьйна къевлина доцу КаӀба дӀакъевлина! Бохам ма бу хӀара! Исламан тарихехь дуьххьара, 1431 шарахь дуьххьара вайн заманахь рузба сацийна! Цундела ас боху, хӀара вайн динах хьакхалуш бохам вайна тӀебеъна ма бац, вайл хьалха цхьаммо а дина доцу къинош вай дар бахьана долуш бен! Вай ду бехке! «Шуьга цхьа а бохам кхочуш ма бац, аша дина хӀума бахьана долуш бен, дуккха долчунна геч а до». [Сурат: Шура, аят: 30] Цундела, дерриг умматера тоба ду оьшуш, массаьргара а, кхоччуш. Цул тӀаьхьа, хӀорангара а шен къаьсттина долчу къинойх тоба оьшу, хӀораммо а мукIарло деш бусалба нахе динах хьакхалуш кхаьчначу бохамна бехке ву-кх ша аьлла!
[Хьехам: Ӏамал фи заман корона]