lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Мархийн беттан программа.pdf
308.4 KB
Мархийн беттан программа
​​• Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду, ницкъ кхачаран барамехь, хIора дийнахь кху чохь https://mixlr.com/adlan_xaracho

• Дарсан низам:

-Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю.

-Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхlара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг довзарехь а пайда оьцур бу.

-ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.

-Дийнахь 30-40 минотал дахлур дац цхьа дарс.

-ЦIера хенаца 13:00 хир ду дарс, кху бетта 23-гӀа чохь дӀадуьйлалур ду.

-Нагахь чу ца волуш 5 минот тIаьхьависнехь, дарс дац боху маьIна ду.

-Интернет зIе дIахаьдда, я хlуа хилла а доьшуш долу хьадис шена ца хезаш юкъарадалахь, иза дIаяздийр ду хIоразза а, юха дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIе схьайоуьйтуш хаам бийр бу шен юкъарадевлларш мел ду аьлла, ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.

-Дарсана юкъа муха ван веза кху чохь билгалдийр ду https://tlgg.ru/adlan_haracho
ЧӀогӀа боккха болх бу тахана маьркӀажа хене хьоьжуш, иштта болх хилла а бацар динна шарахь, иза хӀун болх бу аьлча, селхана маьркӀажа хан хиларцани ялсаман наьӀарш дӀайиллина!

Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Мархийн бутт тӀе беъча ялсаман наьӀарш дӀайоьллу, жоьжахат наьӀарш дӀакъовлу». [Сахьихь: Муслим: 1079]

Ткъа ялсаман езаш волчуьнна цуьлла боккха хӀун кхаъ хир бу?!
Ялсаман наьӀарш йиллина йолчу хена а цу чу ваха Ӏамал ца йинчо, кхин маца йир ю иза?!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Муха хуьлу коронавирус къинхетам?!

Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ун Лекха волчу АллахӀа, Ӏесалла бахьана долуш, чӀир эца доссийна бохучо дӀа ца доккху хьуна и мел кхеттачунна и ун къинхетам бу, шахӀадат ду бохург, и кхеттачарех дукхахберш-м и зина боху боьха къа лелийна а ца хуьлу, делахь а, Ӏазап царна массарна тӀе доссийна хила тарло-кх дика дерг де, вон дерг ма де олуш уьш ца хиларна, вовше хьехар деш уьш ца хиларна, я царех болу диканаш а, зина доцуш, кхечу цхьацца къиношца бехбелла хиларна, и бахьана долуш наха церан къамеле ла а ца дугIуш, я церан хьехам къобал а ца беш... .
Я и зина боху боьха къа лелийна воцург даржашкахь совваккхархьама тесна хила тарло и ун массарна тӀе, шена тӀехь долу нахе дика дерг де, вон дерг ма де аларехь ледарло йина а и воццушехь, кхечу хьадисехь деъна ма-хиллара, Абу ХӀурайрата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина долу, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Лена цхьа дарж хуьлу АллахӀана гергахь кечдина, шен Ӏамалца цу дарже иза кхача а лур воцуш, тӀаккха цунна ца дезачу хӀуманца иза зерах кӀелхьара ма ца волуьйту, оцу дарже и кхаччалц». [Ибн Хьиббан: 2908]...
ХӀара саннарг ву и ун шена къинхетам берг а, шахӀидийн даржехь хуьлуш верг а, иштта уьш санна боцучарна и ун деккъа Ӏазап бен дац. Цундела вай хьахийна долу зина боху боьха къа лелийначех дуккха а хьуна карабо-кх, и ун деъча сагатдар чӀагӀлуш, чӀогӀа вухуш, оцу тӀехӀоьттинчу хьолаца цабезам хуьлуш, хӀорш лелийча ун ца кхета аьлла шена мел хезна долу хӀилланаш лелош, и шена кхетарна кхоьруш, масала: шарӀо магийна доцу рукъяташ лелор (уьнах ларвеш ду бохуш вайна юккъехь даьржина долу бух боцу доӀанаш санна), коча я пхьаьрса йоьхкуш лелош йолу хӀуманаш (тай, я и саннарш), бес-бесара хьожанаш (и хьожа йолчу ун ца догӀу бохуш, я кӀур тохар ун ца даийта бохуш), вочух ларван аьлла кочаухкурш (жайна, я и саннарг), иштта неӀарш тӀе тухуш лелош доӀанаш (ун, я кхидолу вон чу ца даийта бохуш), шарӀо магийна доцу цабезам лелор (цициго некъ хадийча ун кхетар ду бохучух терра), дуккхачу а даарех а, кхидолчух а юхакхетар (шех ун ца кхетийта бохуш. Лоьран Ӏилманчаша ларде боху бахьанаш дац цо дуьйцурш, мелхо а, шен цхьа а бух боцу эладиташна тӀетовжар ду), цу уьнан болх хӀаваэ, хине биллар, и ун даржаран бакъдолчу бахьане а ца хьожуш, тезета а ца воьдуш Ӏар, дог кIаддеш, бӀаьргах хи доккхуш, Делах кхерар карладоккхуш, эсалавоккхуш долу, иштта уьш доцурш а ду ун даьржича собаре волуш, АллахӀера йоле са а туьйсуш чекхваларх стаг воккхуш долу хӀуманаш, иштта чекхваьлча шахӀидийн дарж хуьлуш долу. Ткъа цу тайпа хӀуманаш лелош берш-м дукхахберш ла а ма ле ун даьржинчу заманахь, уьнах доцуш, кхечу бахьаница, тӀаккха шахӀидийн даржах бовлу уьш (лакхахь дийцина хӀуманаш цара лелор бахьана долуш), амма дуьнен чуьра ара-м бовлу, шайна ца луушехь».

[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 214-216]
https://tlgg.ru/adlan_haracho