lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
ЧӀогӀа боккха болх бу тахана маьркӀажа хене хьоьжуш, иштта болх хилла а бацар динна шарахь, иза хӀун болх бу аьлча, селхана маьркӀажа хан хиларцани ялсаман наьӀарш дӀайиллина!

Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Мархийн бутт тӀе беъча ялсаман наьӀарш дӀайоьллу, жоьжахат наьӀарш дӀакъовлу». [Сахьихь: Муслим: 1079]

Ткъа ялсаман езаш волчуьнна цуьлла боккха хӀун кхаъ хир бу?!
Ялсаман наьӀарш йиллина йолчу хена а цу чу ваха Ӏамал ца йинчо, кхин маца йир ю иза?!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Муха хуьлу коронавирус къинхетам?!

Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ун Лекха волчу АллахӀа, Ӏесалла бахьана долуш, чӀир эца доссийна бохучо дӀа ца доккху хьуна и мел кхеттачунна и ун къинхетам бу, шахӀадат ду бохург, и кхеттачарех дукхахберш-м и зина боху боьха къа лелийна а ца хуьлу, делахь а, Ӏазап царна массарна тӀе доссийна хила тарло-кх дика дерг де, вон дерг ма де олуш уьш ца хиларна, вовше хьехар деш уьш ца хиларна, я царех болу диканаш а, зина доцуш, кхечу цхьацца къиношца бехбелла хиларна, и бахьана долуш наха церан къамеле ла а ца дугIуш, я церан хьехам къобал а ца беш... .
Я и зина боху боьха къа лелийна воцург даржашкахь совваккхархьама тесна хила тарло и ун массарна тӀе, шена тӀехь долу нахе дика дерг де, вон дерг ма де аларехь ледарло йина а и воццушехь, кхечу хьадисехь деъна ма-хиллара, Абу ХӀурайрата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина долу, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Лена цхьа дарж хуьлу АллахӀана гергахь кечдина, шен Ӏамалца цу дарже иза кхача а лур воцуш, тӀаккха цунна ца дезачу хӀуманца иза зерах кӀелхьара ма ца волуьйту, оцу дарже и кхаччалц». [Ибн Хьиббан: 2908]...
ХӀара саннарг ву и ун шена къинхетам берг а, шахӀидийн даржехь хуьлуш верг а, иштта уьш санна боцучарна и ун деккъа Ӏазап бен дац. Цундела вай хьахийна долу зина боху боьха къа лелийначех дуккха а хьуна карабо-кх, и ун деъча сагатдар чӀагӀлуш, чӀогӀа вухуш, оцу тӀехӀоьттинчу хьолаца цабезам хуьлуш, хӀорш лелийча ун ца кхета аьлла шена мел хезна долу хӀилланаш лелош, и шена кхетарна кхоьруш, масала: шарӀо магийна доцу рукъяташ лелор (уьнах ларвеш ду бохуш вайна юккъехь даьржина долу бух боцу доӀанаш санна), коча я пхьаьрса йоьхкуш лелош йолу хӀуманаш (тай, я и саннарш), бес-бесара хьожанаш (и хьожа йолчу ун ца догӀу бохуш, я кӀур тохар ун ца даийта бохуш), вочух ларван аьлла кочаухкурш (жайна, я и саннарг), иштта неӀарш тӀе тухуш лелош доӀанаш (ун, я кхидолу вон чу ца даийта бохуш), шарӀо магийна доцу цабезам лелор (цициго некъ хадийча ун кхетар ду бохучух терра), дуккхачу а даарех а, кхидолчух а юхакхетар (шех ун ца кхетийта бохуш. Лоьран Ӏилманчаша ларде боху бахьанаш дац цо дуьйцурш, мелхо а, шен цхьа а бух боцу эладиташна тӀетовжар ду), цу уьнан болх хӀаваэ, хине биллар, и ун даржаран бакъдолчу бахьане а ца хьожуш, тезета а ца воьдуш Ӏар, дог кIаддеш, бӀаьргах хи доккхуш, Делах кхерар карладоккхуш, эсалавоккхуш долу, иштта уьш доцурш а ду ун даьржича собаре волуш, АллахӀера йоле са а туьйсуш чекхваларх стаг воккхуш долу хӀуманаш, иштта чекхваьлча шахӀидийн дарж хуьлуш долу. Ткъа цу тайпа хӀуманаш лелош берш-м дукхахберш ла а ма ле ун даьржинчу заманахь, уьнах доцуш, кхечу бахьаница, тӀаккха шахӀидийн даржах бовлу уьш (лакхахь дийцина хӀуманаш цара лелор бахьана долуш), амма дуьнен чуьра ара-м бовлу, шайна ца луушехь».

[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 214-216]
https://tlgg.ru/adlan_haracho