lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
ХIара юкх хIара демократия!

Дуккхах болу бусалбнаш цигахь баха хьоьгуш аьлча харц а хир доцуш, шайн низам цхьа болчу бусалбнаха иллешкахь дуьйцуш, адамийн бакъонаш лар ярехь уьш уггар хьалхарнаш а хеташ, ерриге адамийн маршо цигахь ю аьлла дуккха а нехан ойла йолчу, сийлахьчу Америкехь полицхочо лаг тIе ког таIийна, цхьа а адмалла йоцуш стаг муха вуьйра ву, са ца даккхало шега бохуш мохь хьоьккхушехь?!

Бусалбнаш бу тIаккха къиза нах, я керстанаш бу цхьа а адмалла йоцуш нах?!

Ткъа вай сатуьйсарг ду-кх, цу тIогIула цигахь гIеттинарг хир дац техь Америк пачхьалкх йохаран юьхьиг! Iеламнаха билгал а ма дарра, АллахIан суннаташца дуьстича пачхьалкх йохаран дерриге бахьнаш кхочуш а хилла, хIинца йохар бен шега хьоьжуш хIума а доцуш хьолехь ма яра иза.
ТIаккха-м дуьнен тIера доллар боху дела а дIа вер вар!
Делахь а, гена дац иза а, тахан ца йохахь а гена яц цуьнна Iуьйре! Шеш дуьненна кечйинчу боьхаллах, хир ду аьлла шайна дага а ца деанчхула бекхам хуьлу!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Йеменер лор ву хӀара, доктар а волуш, шен машен тӀехьа куьзган тӀе язина иштта дешнаш:

«Медицинин дага вала лууш хӀума делахь, со саца велахь»

Ма хаза ду-кх хаза гӀиллакх, нахана тӀера цӀока яккха ца гӀерташ къинхетаме хилар а!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Forwarded from HEHAM TV
Кху чохь хьехамаш долу вайн веша Рамзана да дӀа ваьлла тахана, АллахӀа декъал войла иза, АллахӀа ялсаман хьаша войла иза, шайн доӀнашкахь виц ма ве!
Даймахкара совгӀат, сан даггара дешнаш!
Еменера Ӏеламче, Мухьаммад Ӏимране хаьттина хилла:

«Хьалхалера дешарний, таханалера дешарний юкъахь хӀун башхалла ю?»
Цо жоп делла: «Оха маьждигаш чохь дешна, аша институташкахь дешна, ткъа боьрша стаг санна ма яций зуда».
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Коронавирусах велларг дӀаволла сихо ца яр

Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«...Цо гойту велларг дӀаволларехь сихо яр суннат хилар, делахь а, билггал иза велла хилар гучудаьллачул тӀаьхьа. Ткъа ун кхетта велларг а, я энаша лаьцна а Ӏийна велларг а, летарги цамгарх велларг а дӀаволларехь сихо йийр яц, цхьа де-буьйса даллалц, уьш билггал белла бу-бац гучудалийтархьама».

[Фатхьул-ба́рий, агIо: 3/184]
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Дуьххьара – Iакъидат.pdf
1.8 MB
#Жайна

«Дуьххьара - Ӏакъидат»

Яздинарг: Абу Ю́суф Мухьаммад ибн ТIахIа

Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан