lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Ливанехь цхьана бусалба стаге аьлла, шен кафе чуьра Францин сурсаташ арайохуш волу: «Ахь хIун леладо, къаьркъа а духкуш Iаш волу?» ТIаккха жоп делла цо: «Бакъду, ша къаьркъа духку, амма шен сий ца духку ша!».

Иштта Мароккехь кхечо шен къаьркъа духку бар чуьра Францин къаьркъа арадоккхуш.

Мел хаза ду, Iеса белахь а, шайн Элчанан сий дуьхьа оьгӀаза бахар, шайн ницкъ кхочург дан гIортар.
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Нисса цхьа шо хьалха, 2019 шеран 18-чу ноябрехь оршот дийнахь дIакхелхина вайна юкъара Шайх Ахьмад Хьамза.

Шайх Ахьмад, ламазца чIогIа уьйр-марзо йолуш а, и ларъдеш а, дуьззина и дешболчарех а вара.

Дарбан цIийнахь волу кхоалгIачу дийнахь Ахьмаде хаьттира: "ХIума кхоллий ахь" - аьлла.
Ахьмада элира: "Жимма кхоллур яра ас" - аьлла.
ТIаккха сихха туькана а вахана, цо кхоллун ерг эца а эцна, цунна яо хIоьттира цуьнан кIант. Цхьа Iайг кхалла а йина, шолгIа Iайг кхаллочу хенахь, Ахьмада вист а ца хуьлуш шен куьгаца Iайг дIа а теттина ша хиина Iаччохь сихха ламаз дихкира. Ша ши ракаIат ламаз дина ваьлча, кхин вист а ца хуьлуш, дIа а тевжина гIийла корта а лестош Дела хьехон вуьйлира и. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале цамгар кхин а чIагIъелла реанимаци чу вигира и. Цу чохь кхин кхетамчу ца вогIуш шолгIачу дийнахь дIавелира и.

Иштта ламазца дIадерзийра цо шен дуьненан дахар. Гуттар доьхуш хуьлура и: «Я АллахI! Хаза чеккхе е Ахь сан» - бохуш.

Дала къинхетам бойла цунах, Дала фирдовс ялсаманин охIлунах войла и. Амин
Кхо бух а, церан тоьшаллаш а.pdf
1.2 MB
#Жайна

«Кхо бух а, церан тоьшаллаш а»

Яздинарг: Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIа́б

Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан
Итт шо хан ялла хир ю ца моттар сунам хӀара жайна сайгахь доцу, ехха хан яьллехь а, хӀинцца юха сайн кара кхечна, ойланашкахь итт шо юха листина, самукъанечу ойланашца дуьххьар гуш долуш санна кхуьнга хьоьжуш Ӏа со.

ХӀара язинчо дина совгӀат дар суна, Нохчийн истори юьцуш жайна ду хӀара, кхечу жайнашкахь ца юцу къайленаш юцу кху тӀехь, уьш юха юцар ю вай шуьна.
https://tlgg.ru/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Макрон кхеттий те, кризис Ислам-динехь ю я терроризмах кхехкачу шен Францехь ю?!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Iакъидат Iилманан юхьиг.pdf
656.6 KB
#Жайна

«Ӏакъидат Ӏилман юхьиг»

Яздинарг: Вахьи́д ибн Iабдус-Сала́м Ба́лий

Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сий дара-кх хьан барам лацар а, хьан тезета хIоттар а, амма хьан сий девзур дац Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) сий девзучунна бен. АллахIа цхьаьнатохийла хьо шен сийн дуьхьа ахь хьайн са дIаделлачу Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам).
Iиттарш еш, харцонаш юьйцуш, «националисташ» бохуш, массо агӀора вайца хьагӀнаш лела яхь а, къонахий-м худу вайн махко лаьттах.
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Берашна_гулдина_«Аллахlах_тешар_дуьйцу»_220_хаттарна_жоп.pdf
1 MB
#Жайна

«Берашна гулдина «Аллахlах тешар дуьйцу» 220 хаттарна - жоп»

Дешхьалхе язйинарг: Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лий

Жайна яздинарг: Нурдин кIант Iадлан
Шайхан хьолах хоьттучарна:

Волечу хьолехь ву вайн шайх Делан къинхетамца, реанимацехь вац, дарбан цӀийнера а цӀа валийна, шиъ операци а йина, кхин дӀа оьшург вайн доӀанаш ду, АллахӀа лар войла вайн дукха веза Шайх Мухьаммад Хьассан моссо вочух, иштта кхин болу берриге Ӏеламнах а.