lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
АллахӀ декъал йойла иза, АллахӀа къинхетам бойла цуьнах, АллахӀа ялсаман хьаша йойла цуьнах!
Forwarded from ИСЛАМАН ТАРИХ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Афганан махках лаьцна ши дош.
Дукха везаш волу сан Шайх Мухьаммад ТIахIа дIавели тахан, Шайх Вахьиди баккхичу мутIелимех а вара иза. Цо язина долу «Дуьххьара – Iакъидат» аьлла вай гочдина долу жайна хIинц-хIинца дола дина, шайхера шуьга ижазат оьцуьйтуш хIума дийр ду бохуш Iар со, делахь а, АллахIа кхин дерг хилла-кх язийна. Хенан воккха вацахь а, динан пайда беш шортта дакъа лаьцна вара, жайнеш яздарца, дарсаш хIитта дарца даIват дарца, АллахIа геч дойла хьуна, АллахIа декъал войла хьо тхан шайх.
https://t.me/adlan_haracho
Хьанна дагахь дара, хӀара сайн Шайхаца тӀаьххьарчу къамелах хир ду аьлла. Даима дара Шайхан весет: «Iилман тӀехь къахьегалахь», - олий.
https://t.me/adlan_haracho
ГӀазкхичуьнца мухха дов нисделча а бехке нохчо во, гӀазкхичунна тӀе кхоьвдина нохчи сийсазво Ӏедало, чу а вуллу, Сибреха а хьажаво бохуш дийцира-кх, кхушиннах муьлхачунна тӀехь дара дага ца догӀу суна, цхьа а вуй дагадогӀуш?
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ткъа ахь йиний ойла АллахIана хьалха хьо мел декхарилахь ву ишттанехьа хьайна садеIа хIаваъ даларна, хьажа бIаьрса даларна, хаза лергаш даларна, лебан мотт баларна, дегIа чохь лела цIий, и цIий дIасатетта дог даларна, иштта кхидIа мел ду уьш?!
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Афганистан

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мох АллахIан Iазапех цхьа Iазап ду. Махаца АллахIа хIаллакдина Шена Iесадевлла долу дуккха а къаьмнаш. Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча араволуш, чуволуш, юьхь тIера бос хийцалой дIасахьийзаш хилла, ша Пайхамар воллушехь холчахIуттий, доIа деш, АллахI Iазап доссо воллу те олий, кхералой. Цундела Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча деш хилла хIара доIа:

اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَهَا، وَخَيْرَ مَا فِيهَا، وَخَيْرَ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّهَا، وَشَرِّ مَا فِيهَا، وَشَرِّ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ.

«Алла́хIумма инни́ ас-алука хайрахIа́, ва хайра ма́ фи́хIа́, ва хайра ма́ урсилат бихIи, ва аIу́зу бика мин шаррихIа́, ва шарри ма́ фи́хIа́, ва шарри ма́ урсилат бихIи».


Суннат ду и доIа дар мох баьлча, юх-юха а мох дIабаллалц дарх хIумма а дац, цкъа динера аьлла ца Iаш.
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ахча а делла, кху йоIе бурч юуьйтуш бу. Иштта мискачу нехан бIаьрхих самукъадолуш нах хуьлу, цундела хьайн бала а, бIаьрхиш а нахах къайлахьо ахь, дукхахболу нах цунах самукъадала бен бац хьуна. АллахIе бен ма балхабе хьайн бала, Иза кхачаме ву хьуна, АллахI санна хьоьга къинхетамца хьожур волуш а вац хьуна цхьа а!
https://t.me/adlan_haracho
Фадл ибн Зийа́да дийцина, Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:

«АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннато бохург схьа ца оьцуш, юхатоьхнарг - хIаллакьхиларан йистехь ву».

[Сийару аIла́мин-нубала́ъ, агIо: 11/297]
https://t.me/adlan_haracho
Имам КъуртIубис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стага реза а воцуш луш юй шена хуъушехь, ехна, цуьнгара хlума яьккхинехь, цунах беркат хир дац цунна».

[Фатхьул-ба́рий, агlо: 15/409]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГӀийбат бохург хӀун ду

Youtube чуьра ссылка
МаIн ибн Iиса Къазза́зис дийцина, Имам Ма́лика (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:

«Со адам ду, ас аьлларг нийса хила а, гIалат хила а тарлуш, ас аьллачуьнга хьовса, тIаккха Къуръанца, хьадисца догIуш дерг схьаэца, ткъа Къуръанца, хьадисца догIуш доцург Iаддита».

[Мава́хIибул-жали́л, агIо: 3/40]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГIа ца дужу

Youtube чуьра ссылка
Салма́на (АллахI реза хуьйла цунна) аьлла:

«Оха деза лору-кх шу, хIай Iарбий, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) шу даздарна, шун зударий ца балабо оха (шу деза ларарна) я ламазехь шуна хьалха а ца довлу тхо».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 265]
https://t.me/adlan_haracho