lадлан Харачо
1.66K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мох АллахIан Iазапех цхьа Iазап ду. Махаца АллахIа хIаллакдина Шена Iесадевлла долу дуккха а къаьмнаш. Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча араволуш, чуволуш, юьхь тIера бос хийцалой дIасахьийзаш хилла, ша Пайхамар воллушехь холчахIуттий, доIа деш, АллахI Iазап доссо воллу те олий, кхералой. Цундела Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча деш хилла хIара доIа:

اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَهَا، وَخَيْرَ مَا فِيهَا، وَخَيْرَ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّهَا، وَشَرِّ مَا فِيهَا، وَشَرِّ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ.

«Алла́хIумма инни́ ас-алука хайрахIа́, ва хайра ма́ фи́хIа́, ва хайра ма́ урсилат бихIи, ва аIу́зу бика мин шаррихIа́, ва шарри ма́ фи́хIа́, ва шарри ма́ урсилат бихIи».


Суннат ду и доIа дар мох баьлча, юх-юха а мох дIабаллалц дарх хIумма а дац, цкъа динера аьлла ца Iаш.
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ахча а делла, кху йоIе бурч юуьйтуш бу. Иштта мискачу нехан бIаьрхих самукъадолуш нах хуьлу, цундела хьайн бала а, бIаьрхиш а нахах къайлахьо ахь, дукхахболу нах цунах самукъадала бен бац хьуна. АллахIе бен ма балхабе хьайн бала, Иза кхачаме ву хьуна, АллахI санна хьоьга къинхетамца хьожур волуш а вац хьуна цхьа а!
https://t.me/adlan_haracho
Фадл ибн Зийа́да дийцина, Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:

«АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннато бохург схьа ца оьцуш, юхатоьхнарг - хIаллакьхиларан йистехь ву».

[Сийару аIла́мин-нубала́ъ, агIо: 11/297]
https://t.me/adlan_haracho
Имам КъуртIубис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стага реза а воцуш луш юй шена хуъушехь, ехна, цуьнгара хlума яьккхинехь, цунах беркат хир дац цунна».

[Фатхьул-ба́рий, агlо: 15/409]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГӀийбат бохург хӀун ду

Youtube чуьра ссылка
МаIн ибн Iиса Къазза́зис дийцина, Имам Ма́лика (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:

«Со адам ду, ас аьлларг нийса хила а, гIалат хила а тарлуш, ас аьллачуьнга хьовса, тIаккха Къуръанца, хьадисца догIуш дерг схьаэца, ткъа Къуръанца, хьадисца догIуш доцург Iаддита».

[Мава́хIибул-жали́л, агIо: 3/40]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГIа ца дужу

Youtube чуьра ссылка
Салма́на (АллахI реза хуьйла цунна) аьлла:

«Оха деза лору-кх шу, хIай Iарбий, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) шу даздарна, шун зударий ца балабо оха (шу деза ларарна) я ламазехь шуна хьалха а ца довлу тхо».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 265]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Стоьмаш

Youtube чуьра ссылка
Къайс ибн Iабба́да (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Асхьабаша суннат лорура Дела хьехош а, тIама тIехь а, велла стаг дIавуллуш а маьхьарий цахьекхар».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 213]
https://t.me/adlan_haracho
Фудайл ибн Iия́да (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iамал мел цIена йинехь а къобалъеш яц, нагахь нийса ца йинехь. Ткъа нийса йинехь а къобалъеш яц, нагахь цIенна АллахIан дуьхьа ца йинехь, цIена а, нийса а хиллалц къобалъеш яц.
Iамал цIена хилар бохучух лууш дерг - цIенна, даггара АллахIан дуьхьа яр ду.
Iамал нийса хилар бохучух лууш дерг - Пайхамаран суннатехь (шайггара хIуманаш тIедиттина йоцуш) хилар ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 558]
https://t.me/adlan_haracho
СагӀано - тӀебогӀу бала юхатуху.
ДоӀано - тӀебеъна бала дӀаойбу.
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хало йоцуш дахар

Youtube чуьра ссылка
Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Массо бусалба нехан барт хилла-кх, АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатехь дерг шена девзинчун бакъо яц, иза Iад а дитина, кхечо аьлларг схьаэцна, и лело».

[Мада́рижус-са́лики́н, агIо: 2/319]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Яздинарг бен хир дац

Youtube чуьра ссылка
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Эша ма вайта гIайгIане

Youtube чуьра ссылка
Раби́Iа дийцина, Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:

«Сан жайнахь АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца догIуш доцург шайна карадахь, АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца догIург схьаэцалаш, ас аьлларг Iаддитий».

[ИIла́мул-муваккъиIи́н, агIо: 2/203]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Къуръан деша луучунна кара-м йо хан, ца луучунна ца деша бахьана кара ма-дарра.
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Къа́сима (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Хьан да дIаваьлча хьан букъ кагбелла хьуна, хьан нана дIаяьлча хьан доьзал боьхна хьуна».

[Дарс: 12.03.2019ш]
https://t.me/adlan_haracho