Салма́на (АллахI реза хуьйла цунна) аьлла:
«Оха деза лору-кх шу, хIай Iарбий, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) шу даздарна, шун зударий ца балабо оха (шу деза ларарна) я ламазехь шуна хьалха а ца довлу тхо».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 265]
https://t.me/adlan_haracho

Къайс ибн Iабба́да (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Асхьабаша суннат лорура Дела хьехош а, тIама тIехь а, велла стаг дIавуллуш а маьхьарий цахьекхар».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 213]
https://t.me/adlan_haracho
«Асхьабаша суннат лорура Дела хьехош а, тIама тIехь а, велла стаг дIавуллуш а маьхьарий цахьекхар».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 213]
https://t.me/adlan_haracho
Фудайл ибн Iия́да (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Iамал мел цIена йинехь а къобалъеш яц, нагахь нийса ца йинехь. Ткъа нийса йинехь а къобалъеш яц, нагахь цIенна АллахIан дуьхьа ца йинехь, цIена а, нийса а хиллалц къобалъеш яц.
Iамал цIена хилар бохучух лууш дерг - цIенна, даггара АллахIан дуьхьа яр ду.
Iамал нийса хилар бохучух лууш дерг - Пайхамаран суннатехь (шайггара хIуманаш тIедиттина йоцуш) хилар ду».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 558]

Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Массо бусалба нехан барт хилла-кх, АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатехь дерг шена девзинчун бакъо яц, иза Iад а дитина, кхечо аьлларг схьаэцна, и лело».
[Мада́рижус-са́лики́н, агIо: 2/319]

Раби́Iа дийцина, Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:
«Сан жайнахь АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца догIуш доцург шайна карадахь, АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца догIург схьаэцалаш, ас аьлларг Iаддитий».
[ИIла́мул-муваккъиIи́н, агIо: 2/203]

This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Къуръан деша луучунна кара-м йо хан, ца луучунна ца деша бахьана кара ма-дарра.
https://t.me/adlan_haracho
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Къа́сима (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Хьан да дIаваьлча хьан букъ кагбелла хьуна, хьан нана дIаяьлча хьан доьзал боьхна хьуна».
[Дарс: 12.03.2019ш]
https://t.me/adlan_haracho
«Хьан да дIаваьлча хьан букъ кагбелла хьуна, хьан нана дIаяьлча хьан доьзал боьхна хьуна».
[Дарс: 12.03.2019ш]
https://t.me/adlan_haracho
Forwarded from Ӏадланан дарсаш
Хаза кхаъ бу!
Вай хIинца доьшуш долу «Дуьххьара - Ӏакъидат» аьлла жайнан шайхера ижазат ца оьцуш дIавели-кх шайх бохуш дагахь балам бисин вара со, тахана цIеххьана дага деъна ванах суна дага ца догIуш эцна хир яц те соьгахь аьлла сайн ижазаташ схьа кего воьлла, Делан къинхетамца карий-кх, хIинца кху вай дIадоьдуш долчу жайнан экзаменехь чекх бевлачарна хIара язина волчу шайхаца зIе хIотталуш ижазат хир ю Дала мукъ лахь.

Шайх Мухьаммад Субхьи ибн Хьасан Хьаллакъа (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Амма доIа дина ваьлча куьйгаш юьхь тIе хьакхарх аьлча, цу хьокъехь Имам БайхIакъис аьлла-кх: «Салафех цхьаьнгара хезна дац суна иза, махIдин дешча хьокхура аьлла, цхьаболчара ламаз тIехь воцучу хенахь доIа дича а хьокхура аьлла деъна, делахь а, цу хьокъехь Пайхамарера (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцина хьадис ду даIиф долуш, делахь, иза цхьаболчара лелош ду ламаз тIехь воцучу хенахь доIа деш».
[МаIарижул-къабул, агIо: 1/212]
https://t.me/adlan_haracho
«Амма доIа дина ваьлча куьйгаш юьхь тIе хьакхарх аьлча, цу хьокъехь Имам БайхIакъис аьлла-кх: «Салафех цхьаьнгара хезна дац суна иза, махIдин дешча хьокхура аьлла, цхьаболчара ламаз тIехь воцучу хенахь доIа дича а хьокхура аьлла деъна, делахь а, цу хьокъехь Пайхамарера (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцина хьадис ду даIиф долуш, делахь, иза цхьаболчара лелош ду ламаз тIехь воцучу хенахь доIа деш».
[МаIарижул-къабул, агIо: 1/212]
https://t.me/adlan_haracho
Раби́Iа дийцина, Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) олуш хезира шена аьлла:
«Ас дийцина долу муьлххачу хIуманан хьокъехь Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кхечу кепара аьлла хилар билгалдалахь, бух болуш, тIаккха со айса аьллачух юхаваьлла шуна, со дийна волуш а, со веллачул тIаьхьа а».