Вайн махкахь гIарадаьлла долчу Ша́фиӀийн мазхӀабера Абу́ Шужа́I олу жайнан ша тIе болх беш Шайх Ма́жид Хьамавис боху:
«Шайн цхьаъ веллачу стегаршна а, зударшна а кархIат ду нах тIеэца меттиг кечйина, цига охьахевшина тезет латтор, мелхо, царна там болуш ду-кх шайн гIуллакхашка дIайсабовлар, ткъа ша дуьхьалкхеттачо кадам бийр бу».
[Абу́ Шужа́I, агIо: 97]
-Тезет ду бохуш, нах гулбеш масийтта де даккха кархIат ду боху Ша́фиIийн мазхIабо!
https://t.me/adlan_haracho

«Шайн цхьаъ веллачарна кархIат ду яахIума йина (веллачунна тIера сагIийна аьлла) нах кхайкхар, ишттаче кхайкхича вахар а кархIат ду. Мелхо, и тезет даьллачеран лулахоша а, уьш бевзачара а, церан гергарчара а и яахIума тезет даьллачарна яхьича дика ду, цхьана денний, буьйсанний тоъал».
[Абу́ Шужа́I, агIо: 98]
-Ша́фиIийн мазхIабо тезет даьллачарна яахIума яхьар дика ду боху, цаьрга бахана яйнаш кхехкор кархIат ду боху, мелхо, цара иштта дерг деш делахь, цига кхайкхича вахар а кархIат ду боху!

«Ша лелор кархIат а долуш, чIогIа вон а долчу бидIатах ду цхьаболчу наха лелош долу ирча балхах дерг - стаг дIавоьллинчу бусий, цул тIаьхьа кхаа дийнахь хIора Iуьйранний веллачун кошана тIехlотта вахар а, иштта еаран дийнахь вахар а, пIераскан дийнахь вахар а, шовзткъа де даьлча вахар а, шо кхочуш вахар а».
[Абу́ Шужа́I, агIо: 98]
-Велларг дIавоьллича кхаа дийнахь коша тIе хIиттар вон бидIат ду боху ШафиIийн мазхIабо-м! Я иштта кхин дIаягар йина хенаш къастийна вахар а!

Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«АллахI ву-кх Аййу́б пайхамарера хало дIаайбинарг.
Да́ву́д пайхамарна эчиг кIаддинарг.
Сулайма́н пайхамарна мох муьтIахь бинарг.
Му́са́ пайхамарна хIорд бекънарг.
Iи́са́ пайхамар Ша волче хьалаваьккхинарг.
ХIу́д пайхамар кIелхьарваьккхина, цуьнан къам хIаллакдинарг.
Са́лихь пайхамар зуламхойх хьалхаваьккхина, цуьнан къам шайн хIусамашкахь доллушехь гора эгийнарг.
Ибра́хIи́м пайхамарна цIе шийла а, маьрша а йинарг.
Исма́Iи́л пайхамар доккхачу урс хьакхарх хьалхаваьккхинарг.
Iи́са́ а, цуьнан нана а дерриге Iаламна билгало йинарг».
[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 7]

«Тавхьид бохург дац хьуна деккъа АллахI воцург кхин кхуллуш верг вац, АллахI массо хIуманан Дела а, паччахь а ву аьлла мукIарло дар, иза-м жаIарна Iибадат дечара а къобалдеш хилла хьуна шаьш мушрикаш боллушехь! Мелхо а тавхьид бохучу юккъе догIу - АллахI везар, Цунна хьалха эсала хилар, Цунна хьалха сийсаза хилар, кхоччуш Цунна муьтIахь хилар, Iибадат деккъа Цунна бен ца дар, шен безамца, цабезамца, шен яларца, схьаэцарца, шен дерриге белхашца а, дешнашца а Лекха волчун юьхь резаян лаар. И цIена верг ма ву Шен Iибадат дарехь цхьаъ верг, Ша воцчунна кхин Iибадат дан хьакъ долуш цхьа а воцуш. Кхерамца а, сатийсарца Цуьнга бен верза мегар ма дац, кхерар хила ма ца деза Цунах бен, сийсаза а хила ма ца веза Цунна бен, сатийсам а хила ма ца беза Цуьнан къинхетаме бен, тIетовжар а хила ма ца деза Цунна бен, муьтIахь а хила ма ца веза Цуьнан хьукманна бен».
[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 10]

«Сийлахь, Тоьлла волу АллахI волуш хилар - догIмашкахь сецна хIума ду, амалашкахь долш дерг ду, хьекъалашкахь дIаийна ду, дегнашна чу дIадийна ду, цхьа а шена далил оьшуш хIума дац, бакъ ду аьлла сацам леха оьшуш а дац я бакъ хилар тIечIагIдаре хьашт а дац...ТIаккха а цхьаболу Дала шаьш кхоьллинчу амалера хийцабелларш, шайн синош цомгуш долу, шайн хьекъалш бехделларш иза къийса гIерта-кх, шайн дегнашна чохь иза дIадийна доллушехь».
[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 11]

«Ла́ ила́хIа иллаллахI бохучу дашо цхьаьнатуьйхира-кх Ру́мех волу СухIайб а, Хьабашех волу Била́л а, Персех волу Салма́н а, (Iарбех) Къурайшех волу Абу-Бакр а».
[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 35]

Шайх На́сыр ибн Iабдил-Кари́м ал-Iакълас (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Шот де жуьгтийн шот де ду, иза церан кIиран чуьра садоIу де ду, бусалба нехан пIераскан де ма-хиллара... иштта жаIарна Iибадатдечеран кIиран де ду, ткъа бусалба нахана мегар дац иза садоIу де дина лело, делахь а, гIайгIане во-кх цхьаболу бусалба нехан мехкашкахь хIинца а кIиран де садоIу де долуш лелош хиларо, жаIарна Iибадатдечарах тар а белла!».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 285]
https://t.me/adlan_haracho
«Шот де жуьгтийн шот де ду, иза церан кIиран чуьра садоIу де ду, бусалба нехан пIераскан де ма-хиллара... иштта жаIарна Iибадатдечеран кIиран де ду, ткъа бусалба нахана мегар дац иза садоIу де дина лело, делахь а, гIайгIане во-кх цхьаболу бусалба нехан мехкашкахь хIинца а кIиран де садоIу де долуш лелош хиларо, жаIарна Iибадатдечарах тар а белла!».
[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 285]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Дуьххьара дуьйна чекхдаллалц Сийлахь, Тоьлла волчу АллахIан Къуръан а, Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) хьадисаш а, асхьабийн а, табиIинийн а, кхиболчу имамийн а къамелаша дIадуьзна АллахI массо хIуманна тIехула хилар, Iаршана тIехула хилар, стигланашна тIехула Шен Iарш тIехь дIанисвелла хилар дуьйцуш».
[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 81]