lадлан Харачо
1.66K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Forwarded from lадлан Харачо
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«АллахI ву-кх Аййу́б пайхамарера хало дIаайбинарг.

Да́ву́д пайхамарна эчиг кIаддинарг.

Сулайма́н пайхамарна мох муьтIахь бинарг.

Му́са́ пайхамарна хIорд бекънарг.

Iи́са́ пайхамар Ша волче хьалаваьккхинарг.

ХIу́д пайхамар кIелхьарваьккхина, цуьнан къам хIаллакдинарг.

Са́лихь пайхамар зуламхойх хьалхаваьккхина, цуьнан къам шайн хIусамашкахь доллушехь гора эгийнарг.

Ибра́хIи́м пайхамарна цIе шийла а, маьрша а йинарг.

Исма́Iи́л пайхамар доккхачу урс хьакхарх хьалхаваьккхинарг.

Iи́са́ а, цуьнан нана а дерриге Iаламна билгало йинарг».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 7]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Тавхьид бохург дац хьуна деккъа АллахI воцург кхин кхуллуш верг вац, АллахI массо хIуманан Дела а, паччахь а ву аьлла мукIарло дар, иза-м жаIарна Iибадат дечара а къобалдеш хилла хьуна шаьш мушрикаш боллушехь! Мелхо а тавхьид бохучу юккъе догIу - АллахI везар, Цунна хьалха эсала хилар, Цунна хьалха сийсаза хилар, кхоччуш Цунна муьтIахь хилар, Iибадат деккъа Цунна бен ца дар, шен безамца, цабезамца, шен яларца, схьаэцарца, шен дерриге белхашца а, дешнашца а Лекха волчун юьхь резаян лаар. И цIена верг ма ву Шен Iибадат дарехь цхьаъ верг, Ша воцчунна кхин Iибадат дан хьакъ долуш цхьа а воцуш. Кхерамца а, сатийсарца Цуьнга бен верза мегар ма дац, кхерар хила ма ца деза Цунах бен, сийсаза а хила ма ца веза Цунна бен, сатийсам а хила ма ца беза Цуьнан къинхетаме бен, тIетовжар а хила ма ца деза Цунна бен, муьтIахь а хила ма ца веза Цуьнан хьукманна бен».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 10]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Тарихехь хьан цIе

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Сийлахь, Тоьлла волу АллахI волуш хилар - догIмашкахь сецна хIума ду, амалашкахь долш дерг ду, хьекъалашкахь дIаийна ду, дегнашна чу дIадийна ду, цхьа а шена далил оьшуш хIума дац, бакъ ду аьлла сацам леха оьшуш а дац я бакъ хилар тIечIагIдаре хьашт а дац...ТIаккха а цхьаболу Дала шаьш кхоьллинчу амалера хийцабелларш, шайн синош цомгуш долу, шайн хьекъалш бехделларш иза къийса гIерта-кх, шайн дегнашна чохь иза дIадийна доллушехь».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 11]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ла́ ила́хIа иллаллахI бохучу дашо цхьаьнатуьйхира-кх Ру́мех волу СухIайб а, Хьабашех волу Била́л а, Персех волу Салма́н а, (Iарбех) Къурайшех волу Абу-Бакр а».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 35]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀа къамел до

Youtube чуьра ссылка
Шайх На́сыр ибн Iабдил-Кари́м ал-Iакълас (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Шот де жуьгтийн шот де ду, иза церан кIиран чуьра садоIу де ду, бусалба нехан пIераскан де ма-хиллара... иштта жаIарна Iибадатдечеран кIиран де ду, ткъа бусалба нахана мегар дац иза садоIу де дина лело, делахь а, гIайгIане во-кх цхьаболу бусалба нехан мехкашкахь хIинца а кIиран де садоIу де долуш лелош хиларо, жаIарна Iибадатдечарах тар а белла!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 285]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Дуьххьара дуьйна чекхдаллалц Сийлахь, Тоьлла волчу АллахIан Къуръан а, Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) хьадисаш а, асхьабийн а, табиIинийн а, кхиболчу имамийн а къамелаша дIадуьзна АллахI массо хIуманна тIехула хилар, Iаршана тIехула хилар, стигланашна тIехула Шен Iарш тIехь дIанисвелла хилар дуьйцуш».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 81]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Теш хӀотто мегар вац

Youtube чуьра ссылка
Шайх На́сыр ибн Iабдил-Кари́м ал-Iакълас (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Кешнашкахь дуьххьара зераташ дина, цига нах оьхуьйтуш, цунах Iибадат до меттиг йинарш - шиӀиш бу!»

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 428]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Даимна а мунепакъ нехан болх бу - шариIатах а, и шариIат дIахьуш болчех а кхардар».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 142]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯIкъу́ба (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIай суна дукха везаш волу сан ваша! АллахIе тоба дехьа, мархийн бутт тIебале дIаяккхахьа хьайгара телефон, хьайн дагна пайданаш гулдехьа, хьайн ерриг гIайгIа Iибадатна ехьа…!».

[Асра́рул-мухьибби́н, агIо: 53]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Баланца зер

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Делах кхераран сихха а, хан яьлча а хуьлуш пайданаш ду, царех ду:

-Массо халонах атто хилар, лена дагахь доцучу кепара рицкъ тIедар, Лекха волчу АллахIа боху: «АллахIах кхийринчунна атто йийр ма ю, цунна дагахь доцучера рицкъ лур ма ду». [Сурат: ТIала́къ, аят: 2-3]

-Массо балхехь цунна атто яр, Лекха волчу АллахIа боху: «АллахIах кхийринчунна шен балхехь атто йийр ма ю». [Сурат: ТIала́къ, аят: 4]».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 198]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хир ду жоп

Youtube чуьра ссылка