lадлан Харачо
1.66K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Цхьаболчу асхьабаша олуш хилла: «Аша Iеса дерг леладо-кх, иза шун бIаьргаш чухула месал а дай долуш, амма АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) заманахь оха уьш хIаллаквеш долчу даккхийчу къинох лоруш хилла долу»».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 220]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Самукъа

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Бусалба стеган, шен дукха Iамалш яра аьлла, дог синтеме ца хуьлу, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шегара уьш къобалйина я ца йина. Шен къиношха тешаме а ца хуьлу иза, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шена гечдина я ца дина... Ткъа кху гIуллакхна ян ма-еззара ойла йиначуьнгахь Делах кхерар хуьлу, сагаттадар а хуьлу, хIунда аьлча, массо адаманна тIедан дезаш даккхий белхаш ду, валар, каш, къемат-де даллалц йолчу ханчохь йолу халонаш, къемат-динахь хьесапан дIагулдиначехь йолу халонаш, сиратI тIехула вала везар, Iамалш оза езар, оцу дерригенал доккха дерг - Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIна хьалхахIотта дезар, жоьжахати чу вахар, ша вала герга вахча динах воха воьхна даимна жоьжахатехь валларна, муъмин стаг кхарех цхьана хIуманах тешаме ца хуьлу, Лекха волчу АллахIа боху:

«АллахIан мекарлонах тешаме ца хуьлу-кх дакъазабевлла нах бен». [Сурат: АIра́ф, аят: 99]».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 221-222]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIна муьтIахь хилар - и ду Цунна баркалла алар, АллахIна а, Цуьнан Элчанна а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) муьтIахь воцург Цунна баркалла олуш вац».

[Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/110]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀана атта ду

Youtube чуьра ссылка
Ибн Абу Мулайката (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ткъе итт асхьаб гина суна, уьш беррише а шаьш мунепакъаш хиларх кхоьруш бара».

[Сахьи́хь Буха́рий, муIаллакъан, агIо: 83]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ширк кхаа декъе ду:

Лекха волчу, Iаламийн да волчу АллахIан делаллехь ширк дар;

Лекха волчун цIершкахь ширк дар;

Лекха волчунна Iибадат дарехь ширк дар.

Оцу ширкан и кхоэ дакъа а цIеначу даггара тоба дича бен геч ца деш долу къа ду.

Ткъа Iибадатехь деш долчу ширках ду - рияъ».

[Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/313]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Дикачу ненан кӀант

Youtube чуьра ссылка
Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Лекха волчо масех аятехь хоттийна Шена Iибадат де бохучуьнца деца-ненаца дика хилар бохург. ХIунда аьлча Лекха волу АллахI ву иза кхоьллинарг а, цунна рицкъ луш верг а, тIаккха Иза тIех хьакъ ву Шена муьтIахь хила. Ткъа дех-ненах хIара схьаваьлла хиларе терра, иза жима волуш цушиммо кхиийна хиларе терра, Лекха волчу АллахIал тIаьхьа иза декхарийлахь верг да-нана ду».

[Айсарут-тафа́си́р, агIо: 1/313]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Даккхийчу къинойх

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Далла тIе биллар болх

Youtube чуьра ссылка
Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ТIабарис а, кхиболу Iеламнаха а аьлла: «Зударшкара южуш йолу эмгаралла магийна ю, и бахьанехь царна Iазап а хир дац, хlунда аьлча иштта Дала и эмгаралла шайца йолуш кхоьллина бу уьш, цундела Iа́ишат а ца къахкийра Пайхамара цу эмгараллах»».

[Фатхьул-ба́рий, агIо: 8/531]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ГIиллакх

Youtube чуьра ссылка
Бусалбан хьарам ду тIамехь керстан гIо дар, церан мостагIчуьнна дуьхьал хоьттина, церан зенах кхерарна доцург.

[Кашша́фул-къина́I, агIо: 3/63]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Декъала хилийтархьама

Youtube чуьра ссылка
ХӀинца жихӀад дан бохуш Украинкаш бало дӀахахка лур бу вайн кӀенти!
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ДоIанна жоп

Youtube чуьра ссылка
Бусалбана мегар дац керста нехан агIо лаьцна, уьш санна болу кхечу керстана дуьхьал тIом беш гIо дан, бусалба динна а, бусалба нахана а цхьа маслахьат цуьнгахь дацахь, ткъа хIара дукхах болчу фикъхI Iеламнехан хьажам бу, Хьанафий а, Маликий а, ШафиIий а, Хьанбалий а мазхIабера.

[Хула́сату фи́ фикъхIил-акъаллийа́т, агIо: 2/2-3]
https://t.me/adlan_haracho