Абу Саврас дийцина, Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) элира аьлла:
«Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мел аьлларг иза ас а бохуш ду шуна, соьгара иза шуна хезна дацахь а».
[Та́риху Димашкъ, агIо: 51/389]
-ТӀаккха хьадисаца догӀург ду ШафиӀийн мазхӀаб, цо шен жайнахь кхечу кепара алар нисделлехь а.
https://t.me/adlan_haracho

Шина вешера совгӀат тахана цхьане схьа кхечи суна.
Ахьмад @islamantariyh чиркх Дала сагӀа бойла.

Хьармалата дийцина, Ша́фиIис олуш хезира шена аьлла:
«БагIдадера со дIавоьдуш Ахьмад ибн Хьанбалел веза а, цул чIогIа Iилма долуш а, цул чIогIа фикъхI долуш а, цул чIогIа Делах кхоьруш а цхьа а ма ца витина ас цигахь».
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/46]
https://t.me/adlan_haracho
«БагIдадера со дIавоьдуш Ахьмад ибн Хьанбалел веза а, цул чIогIа Iилма долуш а, цул чIогIа фикъхI долуш а, цул чIогIа Делах кхоьруш а цхьа а ма ца витина ас цигахь».
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/46]
https://t.me/adlan_haracho
Имам Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Хи тIехула дIавоьдуш я хIаваэхь тIемаваьлла шайна стаг гича, цунах Iеха ма лолаш, иза АллахIан Элчанна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мел тIаьхьавозуш ву хьажий бен»».
[МаIа́рижул-къабу́л, агIо: 2/542]
https://t.me/adlan_haracho
«Хи тIехула дIавоьдуш я хIаваэхь тIемаваьлла шайна стаг гича, цунах Iеха ма лолаш, иза АллахIан Элчанна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мел тIаьхьавозуш ву хьажий бен»».
[МаIа́рижул-къабу́л, агIо: 2/542]
https://t.me/adlan_haracho
Хьадисаш доцуш Ислам-дин хила а лур дац, хьадисаш доцуш Ислам-динах кхетар а вац, хьадисаш доцуш Ислам-дин къобал а дийр дац.
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/12]
https://t.me/adlan_haracho
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/12]
https://t.me/adlan_haracho
Лаамна суннатах дIахьаьвзинарг хIаллакьхилла, Дала боху:
«Элчанан омрана бIостабуьйлурш ларлойла, дуьненан бала шайга кхачарх я лазаме долу Iазап шайга кхачарх». [Сурат: Ну́р, аят: 63]
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/14]
https://t.me/adlan_haracho
«Элчанан омрана бIостабуьйлурш ларлойла, дуьненан бала шайга кхачарх я лазаме долу Iазап шайга кхачарх». [Сурат: Ну́р, аят: 63]
[Муснад Ахьмад, агIо: 1/14]
https://t.me/adlan_haracho
Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«ХIора шо моссаза дели, шен валар герга хиларна даздеш ду те иза?!
ХIара хIуманаш керста нахера схьаэцна хIуманаш ду, цкъа а мегар дац бусалба стагана ша вина де даздан.
Мелхо, хьекъале волу бусалба стаг, цхьа де дIадахча а, дуьззина цхьа шо-м дуьйцур а дац ас, цхьа де дIадахча, я цхьа сахьт дIадахча, я бIаьрга негIар тоххал хан дIаяхча а ойла ян хIутту, ша хIун кечдина те шен дегIана олий».
[Хьехам: Хьукмул-ихьтифал биIидил-милад]

АллахӀан комаьршо, Цуьнан дикалла!
Мархийн бутт бола бала масех де хьалха доладелар кхуьнан дийцар, вуьшта аьлча 28-гӀа мартехь буьйсан дара иза, хӀара телпо соьгар цхьана бахьанца дӀайолуш, тӀаккха чӀогӀа сагат дийриг кху тӀера телеграмма чохь сан дукха болх хилар дар, сайн цхьацца Шайхашца йолу зӀенаш, сайн дешар, дуккха сайн ижазаташ, гочдина Ӏеламнехан дукха йозанаш, лелош долу хьостанаш, «Нохчийн гӀиллакхех» лаьцна язош долчу жайнан юкъа билла безаш дукха болх, хӀара дага деъча-м гуттур гӀайгӀане хилар, цу хьокъехь болу болх ма бац цхьан жайни чу хьежна схьа эца лур болуш болх а, я охьа хиъна жайнаш чохь леха луш болх а, цхьа ша-шах тӀе кхеч-кхечнарг схьа оьцуш гулбина болх бу, вуьшта аьлча суна-м ца хаьа сайна кху дерригенах уггаре хьашта дерг муьлхарг дара а, дерриге дар-кх чӀогӀа оьшуш.
Иштта и телпо карар йоли сой волче чу кхочу со кхозлогӀа дийнахь, компьютар тӀехь долу сай кхин агӀо дагахь а долуш, цу чу ваьлчхьана цхьа дерг ца довш дуьсу-кх сайн бохучу сатийсамаца, къесттина язочу жайнах дерг. Амма мелла са ду ийбалуш, хӀунда аьлча, билгал хууш дац цу чу валалур вуй, сих-сиха дора цо суна чу ца вала луш дуьхьал йоли, юха керла чу йоккхуш санна хӀума деш, лоьмар чу язийча бен чу ца валалуш, ткъа оцу лоьмаран карта доцуш ду, иза а ду гуттар цхьа кхечу махкар карта, тӀаккха код хӀокху телпо тӀехь а изза агӀо хьал латийна лелош хиларна кху чу йогӀуш, иштта дӀалелош дара сан, ткъа хӀинца хӀара а йоцуш ма яй, ткъа хьала латийча Делан къинхетамца компьютар тӀехь хьала лети кхин дуьхьал ца йолуш, тӀаккха кхана-лама схьа кхача дезаш цхьа адам ду, цу тӀехь хӀара агӀо хьала латор ду, кхин дӀа кхузахь хьала латахь ца латахь сагат дан дезар доцуш аьлла Ӏаш а волуш, кхин компьютар дӀаяйина йоцуш, я телеграм цу тӀера хье йина а йоццушехь юха охьа хиъча хьала ца лети-кх, ас лакхахь дийцинарг хилла дуьхьал ели, хӀинца цу агӀонна тӀе а ца вала ло, дерриге сатийсар дай, дог а этӀа цхьана агӀора, оццехь сой чу ма ваьлла латалуш ма дар соьга и агӀо кхечу телпо тӀехь хьала, и адам схьа кхачаре ца хьоьжуш, я оццехь хӀиттинехьара аса хьостанаш чохь куьйгалхой мукъана бохуш дага оьху, делахь а, «Делан кхел ю, Шена луург дина-кх», дикан хир ду аьлла кхин ойла ян волало, хӀун дира даратехь бохуш.
ЦӀеххьана дага догӀу, кху телпон тӀера телеграмма йолу карта долуш ма ду соьгахь оли, тӀаккха а сагатдо, хьала летар дуй техь бохуш, дикка хан яра иза чу дилланза, иза а дара кхечу махкара карта, тӀаккха сихха схьа эцна телпо чу дилна болх бой хьежча, ца бо-кх, делахь а, Делан къинхетамах дог ца дуьллуш, карта дӀа а ца кхуссуш латта до ас шин дийнахь а телпо чохь, ткъа соьгара телпо цхьана веши яр, иза цуьнна дӀалуш карта схьа даккхале кхечу веше хотту ас, суна ца девзуш а цхьа агӀо буй техь, кху чуьра карта билгалла болх беш даций хьажа аьлла айса цуьнга телпо дӀакховдош бӀерг кхета сан карта хьала летта хилар, чӀогӀа самукъа доли, телпо йолчу веше олу ас, карта хьала летта, хӀинца и цу чуьра схьа даккхахь юха ца латарно кхоьру со, дарсер чу вахча компьютар тӀехь телеграмм хьала латийна кхана дӀалур яр ас хьан телпо. ТӀаккха са ца туьш чу вахна телеграмм хьала лато воьлча код кху телпон тӀехь летта йолчу телеграмм чу дӀайоьду, карти тӀе ца йогӀа-кх.
Юха а цхьацца-м гӀо деш, хьожуш код карти тӀе схьа яита агӀо кхин нис ца бели.
ТӀаккха цхьан вешо ша телеграмме язош хьожур ву цхьа муьлхха некъ каро аьлла схьа эцна хьийжи, ца карий.
Кхечу вешо дика цу белхах кхетарг вевза шена, карти тӀе код йогӀа агӀо хьожуьйту ша аьлла схьа эцна, хьийжи, ца карий.
Кхин янне агӀо яц-кх аьлла, телпо йолче кехат язйи, хьал дуьйцуш, жоп а ца хили.
Юха адвокате яз яйти, тӀаккха жоп даити, шин шарахь хьежа дезар ду аьлла!