lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Шайх Iалий Мухьаммад Салла́биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«АллахI ву-кх фирIавн а, цуьнан къам а хи буха дахийтина, цуьнан дегI хине схьатасийтинарг, цулла тIаьхьарчарна цунах билгало хилийта.

Къа́ру́н шен хIусамашца лаьтта буха вахийтинарг.

Ткъа Ю́су́ф пайхамар гIунан боданашкара хьалаваьккхина, лаьттанан хазнаш шен кераелларг.

Ну́хь пайхамарна гIо дина, шен къомаца иза боккхачу баланах хьалхаваьккхинарг».

[Ал-И́ма́ну биллахI, агIо: 7]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
#АллахӀ_стиглахь_ву - ЧГТРК

Муха, муха..?! Ванах АллахI дуьнен стигал тIе вусса бохург, АллахI стиглахь ву бохург а вахабист вацар хIинццалца?! АллахI адмах тар вар дацар иза?! Я хIара ду те адман харц кхетам чу ца буьллуш шен амалехь дитича муьлхха адмо а къобал деш долу АллахIан хьокъехь долу бакъ дерг..?!

Youtube чуьра ссылка
Шайх Абу-Бакр Жаза́ирис (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла:

«Iеса хIуманаша керстаналлина чувуьгуш нисло».

[Айсарут-тафа́си́р]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Бусалбнаш мало яш, цхьа берш аз хазийта, я видео тӀе бовла эхь хеташ, кхинаш ларлуш, вуьш цхьа кхин бахьнаш карош шай дин нахан дӀа ца кхачош Ӏашшехь, керстанаш шайн болх беш бу! Цундела, харцо тоьлла, амма ца тоьлла иза бакъон дай шайн бакъо нахе дӀакхачорехь ледарло йича бен!
-Абу Му‌са‌с (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхеравелла хьалаиккхира, къемат-де хӀуттуш хиларна, маьждиге а веъна ламаз дира цо, иштта деха деш суна цкъа а гина доцуш веха бисмалехь а, рукуӀехь а, сужудехь а Ӏаш. Цо элира: «АллахӀа хӀара билгалонаш яхкийтар ца хуьлу цхьаъ валарна, я цхьаъ дуьненчу валарна, мелхо а, АллахӀа шен лешна тосуш кхерам бу иза». [Сахьи‌хь: Буха‌рий: 1059]

-Ӏа‌ишата а (АллахӀ реза хуьйла цунна) дуьйцу, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Малх, бутт АллахӀан билгалонех цхьа билгало ю, и шиъ лацар хуьлуш дац цхьаъ валарна, я цхьаъ дуьненчу валарна, ткъа цу тайпа дерг шайна гича АллахӀе доӀанаш делаш, АллахӀ воккха а велаш (АллахӀу акбар бахарца), ламаз а делаш, сагӀа а лолаш». Цул тӏаьхьа элира цо: «ХӀай Мухьаммадан уммат, валлахӀи, АллахӀалла а чӀогӀа эмгар йолуш цхьа а ма вац, шен лено зина дар ца дезарехь! ХӀай Мухьаммадан уммат, валлахӀи, суна хуург шайна хаьахьара, ма кӀезиг доьлур дара шу, ма дукха доьлхур дар шу!». [Сахьи‌хь: Буха‌рий: 1044]

-Шайх Iусайми‌на (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ЦӀена а, Лекха а волчу АллахӀа малх, бутт лацар хуьлуьйту шен лешна кхерам тосуш, малх (бутт) лацар АллахӀера кхерам бу, тӀе да леринчу Ӏазапна, Ӏазап дац иза, мелхо а, кхерам бу, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-аллара: «Малх, бутт лацийтарца АллахӀа кхерам тосу Шен лешна». [Сахьи‌хь: Муслим: 911]
Цо ца элира: «Малх, бутт лацийтарца Ӏазап ло Шен лешна». Мелхо а, кхерам бу иза, ткъа вайна ца хаьа-кх оцу кхерамна тӀаьхьадогӀург хӀун ду, хила тарло гергара хан чохь, я цхьа ехха хан яьлча цунна тӀаьхьадогӀуш Ӏазапаш, адамийн догӀмашца, я даьхнишца, я доьзалшца, я гергарчаьрца хоттаделла долуш, дерриге адаман тӀедуссуш Ӏазапаш, я цхьаболчу нахана дуссуш, ца хаьа вайна хӀун ду! Цундела, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шайна цу тайпа дерг гича, кхераделла сихо елаш АллахӀ хьехаваре». [Сахьи‌хь: Наса‌ий: 1470]
Цо ца элира «Ламаз де», цо ца элира «АллахӀ хьеха ве», мелхо а, цо элира: «Кхералой, сихо е, АллахӀ хьехаваре, Цуьнга гечдар дехаре (АстагӀфируллахӀа ва ату‌бу илайхӀи бахарца), Иза воккхаварца (АллахӀу акбар бахарца), сагӀанаш даларе, ламаз даре, леш хьалхабитаре».

ХӀокху дерригено гойту малх, бутт
лацар боккха болх хилар, ткъа хӀокху вай заманахь дегнаш делла хиларна, хила дезаш долу хӀума санна тӀехдолу иза нахана... Малх (бутт) лоцу, ткъа вай дӀа а хӀуьттий ламаз-м до, дагчохь цхьа а кхерам боцуш... Ткъа гӀуллакх-м чӀогӀа кхераме ду!».

[Ликъа‌ул-ба‌бил-мафту‌хь, агIо: 4/15]

-Хьал иштта ду, хӀинцца дара малх лаьцча, цу юкъа дукха хан а ца ели тӀаьххье бутт леци, ткъа адам кхетарна метта кхин а гал долуш, эрча долуш доьду, Деле дерза дезачу метта Jony-г доьрзуш, ткъа АллахIа-м виц велла Iаш вац, хан луш ву!
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀ гур ву

Youtube чуьра ссылка
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Къонах

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сан дахарехь уггаре хаза хенаш -  Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисан мажлис ю. Дешнашца йийца а лур йоцу хазалла шеца йолуш, дагна синтем луш, гӀайгӀа-бала бицбеш, кӀадвалар хаа а ца луш, бӀаьргашна гуш гонахьа нуьре яххьаш, лергашна хезаш Пайхамаран къамел... ЭхӀ, и хаза денош.

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللَّهُمَّ صَيِّبًا نَافِعًا

АллахIумма саййибан на́фиIа́.


Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Лаьттаюккъера хӀорд

Youtube чуьра ссылка
Шайх Хьа‌физ ибн Ахьмад Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIа Шена хIоттийна долу куц къобал ца динчо а я АллахIан куц Цо кхоьллинчух тардинчо а АллахIна тIе харцо кхоьлли, ма дакъазалла ю-кх харцо кхуллучарна».

[МаIа‌рижул-къабу‌л, агIо: 1/38]

-Ткъа АллахӀа кхоьллинчух Цуьнан куц тардар ма дац, цу АллахӀа Шен ду бохуш долу куц ахь къобалдар, масала: АллахӀа Ша Ӏарш тӀехь ву боху, АллахӀа Шен ши куьг ду боху, иштта кхидӀа а.
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Цхьаболу нах хелхабуьйлуш лахь а, кхиберш эшаршка ладухуш лахь а, вуьш кхидолу хьарам дерг лелош лахь а, Делан цхьа леш бу-кх, шайн Далла дуьхьалхlиттина а болуш цу Далла дуьхьалбоьлхуш, я иштта кхидолу дика дерг деш болуш Далла дуьхьалбоьлхуш! Иштта хьолаш бес-бесара хиларан бахьана хIун ду аьлча, хIора а ле-кх ша дукха лелош долчу хIуманна тIехь, цундела ларлолахь айхьа хьайн ирча чаккхе ярх.

Youtube чуьра ссылка
Шайх Хьа‌физ ибн Ахьмад Хьакамис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Нагахь Iамал суннатца йогIуш яцахь - иза бидIат хуьлу, динехь керла юкъадаьккхина хIума а хуьлу, АллахIа пурба делла доцуш долу шарI а хуьлу, тIаккха иштта йолу Iамал и йинчунна юьхь-марш тIе тухуш ю (къобалъеш яц), цунах шена бала хуьлуш а ю».

[МаIа‌рижул-къабу‌л, агIо: 2/546]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Пайхамар (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) кхелхина хилар дуьйцу йозанна тӀенисвелла воьлхуш ву хӀара кӀант, Пайхамар (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) кхелхина хилар хууш ца хилла кхунна.

Ткъа ахь Ӏамийний хьайн доьзална иштта Пайхамар (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) везар?!

Youtube чуьра ссылка
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Лекха тIе волуш олург

Youtube чуьра ссылка