lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Бес-бесара мехкашкара схьататтабелла нах, Суданера а, Нохчийчуьра а цхьаьна баьхкина.

---

Уггаре хазачу деношха дара Къуръанаца долу денош, Ӏуьйра-ламаз дича, пхьуьйра хан хиллалц дахлуш. 8 денна хӀоттийна тафсиран дарс чекхдолуш, бӀаьрзе волу Шайх ӀабдуллахӀ Камила эццахь ша яьхна байташ элира.
Сан Шайх Вахьид а, сан Шайх Айман а соьга схьахьожий велакъежа Нохчийчоь хьахош.

#Shishan.5

Youtube чуьра ссылка
Нагахь ахь яш йолу Ӏамал АллахӀан дуьхьа яцахь, охьа йожа кеч елла йоьттинчу гӀишлоне терра ю хьуна!
https://t.me/adlan_haracho
Ражаб баттах 20 пайда.pdf
411.8 KB
#Жайна

«Ражаб баттах 20 пайда»

Яздинарг: Шайх Мухьаммад Са́лихь Мунажжид

Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Цхьаверг цецволу кху тайпа хьал гича, ткъа Делан болх бевзург кхин цецвала хlума а дац хlара, Аллахlа вай лардеш, вайна хlоранна а тlехlоттийна шиъ малик ду, цхьаъ хьалха, цхьаъ тlехьа, хьуна тlе нислуш долчу муьлхха а вочух цу шимма ларво, иштта хуьлуш ду хийла вай цецдуьйлуш нислуш дерг, дийна виса йиш ма яцара олий вайна хетарг а. Ткъа нагахь Аллахlа lожалла язйинехь, я хила лерина цхьаъ делахь, тlаккха и ши малик юьстахдолий, хила яздинарг тlекхочу, иштта бу Делан болх.
Шайх Iумар ибн Iабдил-Iази‌з Къурайшис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Салафаша аьлла: «Иман - дагца тешар, маттаца схьаалар, меженашца Iамал яр ду»... Ткъа муржииташа аьлла: «Иман - дагца тешар, маттаца схьаалар бен дац»».

[ШубухIа‌тут-такфи‌р, агIо: 49]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Тийначу буса кхойкху сан даго!

Youtube чуьра ссылка
Шайх Абу Исхьа́къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ПIелган юьхьигал а маж яцйинарг маж дIаяьшнарг санна лоруш ву».

[Видео]
https://t.me/adlan_haracho
Кхо бутт бен ца бели «дуьнен тӀе бáн лерина боккха кхерам бу шуна вай Деле ца дерзахь» бохуш вай билгалдина!

АллахӀа къинхетам бойла Сирехь а, Турцехь а кхелхинчу бусалбанех! АллахӀа орца волийла цу гӀишлошна бухахь бисинчарна!

АллахӀа лардойла вай Шен Ӏазапех, дуьненахь а, эхартахь а.
Мохкбегор - АллахӀан билгалонех цхьа билгало ю, къемат-де а, эхартан халонаш а вайна дагадоуьйтуш, иза а цу къемат-дийнан билгалонех ду.

[20 фа́идахӀ физ-зилза́ли ва ахька́михӀа́, агӀо: 12]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀай Ӏалам, хьо муха Ӏа дӀасецна?!
ХӀокху къизалло ца йо хьуна новкъарло?!
Шуна ца го Нохчийчохь зулам?!
Леш долу бераш ца го шуна?!


#Shishan.6

Youtube чуьра ссылка
​​Шайх Абу Исхьа‌къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Цхьаболу нах бу, бусулба дин шайн баккъаш тIехьа кхоьссина лелаш, шайн дегIана дезарг бен къобал ца до цара. Шайна дезарг магош йолу агӀо лоьху цара Iеламнехан дешнашкахь. Уггаре сийсаза агӀонаш, бух боцу агӀонаш гулйо цара, я шен далил гIийла долу агӀо гулйо.Масала, валигара пурба доцуш йоI маре йигар, Абу Хьани‌фатан (АллахIа къинхетам бойла цунах) мазхIаб дац иза?! «Валина ца хоуьйтуш, къайлаха йоIаца мах бар, ши теш хӀоттийна», - оцу агӀонах доккха зулам хилла вайна тахана хIокху заманахь. И зулам хирг хилар коьрте деана дац Абу Хьани‌фатна, я цуьнан накъосташна а. Диъ шо хьалха Мисрера «АхIра‌м» газети тIехь кхайкхош дара, университеташкахь студенташна юккъехь даьржина долу къайлаха мах барх лаьцна, зина мах барх лаьцна, билггала зина ду иза, цхьа а шеко йоцуш! Газето билгалдо и къайлаха мах бар бахьана долуш, зина дар бахьана долуш эр ду вай, шен йолу цIе йоккхур ю вай цуьнан, шийтта эзар бер дуьненчу даьлла шайн дай муьлш бу ца хууш, и мах бар бахьана долуш! Шийтта эзар бер, шайн дай муьлш бу ца хууш долу. Кегирхошка и хIума дойтуш дерг хIун бахьана ду?! Валигара пурба доцуш мах бар ду. Цу валин болх сел сийсаза а, лахара а бу те бусулба динахь?! ЙоI кхиайо цо, цуьнан Iуналла до цо, иза кхиош хало лов цо, тIаккха цхьана кIанта вогIий, цуьнга ца хоттуш дIаюьгу иза! Иза етт белхьара цу стеган божал чохь лаьтташ, юха цхьамма чу а вахана, хатта ца хоттуш цуьнан етт дIабигча, оцу стагана таIзар дийр ма дара. Нехан йоI, нехан сий-м дийца ца дуьйцу вай, бежана цу нехан цхьамма дIадигча таIзар дийр ма дара цу стагана! И йоI кхиайо цуьнан валис, иза йоккха хиллалц цуьнан Iуналла до, иза кхиош хало лов цо, тIаккха и йоI дIаюьгу цхьамма воьдий, цу валин цхьа а мах ца хеташ, цуьнан сий ца деш, я лерам ца беш, цхьана осалчу, ямарта стага дIаюьгу иза. Вукху кхаа мазхIабан имамаша харц ма дина и мах бар, цу мазхIабан тоьшаллаш гIийла хилар билгал а ма даьхна, тIаккха а тахана цу мазхIабна тIетуьйжуш нах го вайна».

[Хьехам: Силсилату гIазва‌ти ухьуд]
https://t.me/adlan_haracho
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Рузба дитар

Youtube чуьра ссылка
Шайх Iумар ибн Iабдил-Iази‌з Къурайшис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Iарбийн маттера кхечу матте даьккхина долу суратах я аятах Къуръан ца олу, цунна гоч мел чIогIа говза динехь а (Къуръанан дина маьIна олу ишттачух, Iарбийн маттахь долчух бен ца олу Къуръан)».

[ШубухIа‌тут-такфи‌р, агIо: 222]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ЧIогIа даккхий дешнаш аьлла-кх Хьасан Басрис:

«АллахIа лаьттан охIланах бала дIа ма ойбу Iилма Iамо арабевлла нах хилар бахьана долуш»...
Кху умматан жовхIар ма ду Iилма Iамор, кху умматан уггар мехала хIума ма ду Iилма Iамор».


---

Сан Шайх Хьазим Шуманан дарсехь ша-кепара хаза хуьлура.
Дуьххьара Шайх Мухьаммад Хьассанан дарсе веъна гина вара суна Шайх Хьазим Шуман. Шайхо гlиллакх лаьцна, вистхила шега дош делла, вистхуьлуш дийцира Шайх Хьазим Шумана: «Ша нийсса динехь нисвелла, lилма lамо волавелла вара, Шайх Мухьаммад Хьассан Саlудехь lилма lамош хан яьккхина цlа веъначу хенахь, Шайхера дуккха а пайда ийцира ша», - бохуш.

Youtube чуьра ссылка