Имам ТӀабарис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Ӏеламнехан барт хилла эшар хьарам хиларна, царах ларвала везаш хиларна тӀехь а».
[Жа́миI ли ахька́мил-Къуръан, агIо: 14/55]
🚀 Ӏадлан Харачо
«Ӏеламнехан барт хилла эшар хьарам хиларна, царах ларвала везаш хиларна тӀехь а».
[Жа́миI ли ахька́мил-Къуръан, агIо: 14/55]
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Стаг-зуда вовшахкхетачу хенахь цхьаьнадогӀуш хилар бохург ма дац адамаш цхьадерш вукхарал а гӀоли ду, хӀунда аьлча, бусалба динан шариӀато массо кепара болу къастамаш дӀабаьхна, цхьа а вовше къаста ца веш, Лекха волчо аьлла: «Баккъалла а, цхьа вежарий бу муъмин нах». [Сурат: Хьужурат, аят: 10] Мелхо а, стаг-зуда дин агӀора а, тайпана агӀора а, дешар агӀора а, шераш агӀора а, иштта кхидӀа долчуьнца а цхьаьнадогӀуш хилийтар ду - ирсе бахийтархьама, дӀайса а ца къастийта.
[МаӀа́йи́рул-кафа́ати физ-зава́ж, агӀо:3]
🚀 Ӏадлан Харачо
[МаӀа́йи́рул-кафа́ати физ-зава́ж, агӀо:3]
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Исхьа́къ ибн Ибра́хӀи́м (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху:
«АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар хуьлу, цхьаммо аьлча: «АллахӀан куьг Цо кхоьллиначун куьйгах тера ду, я и санна ду», - я - «АллахӀан хазар Цо кхоьллиначун хазарх тера ду, я и санна ду». Цхьаммо аьлча: «АллахӀан хазар - Цо кхоьллиначун хазарх тера ду, я и санна ду», - иза АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар ду! Амма цхьаммо аьлча, Лекха волчу АллахӀа ма-аллара: «Цуьнан куьг ду, хазар ду, гар ду», - делахь а, муха ду ца бохуш, я и санна ду ца бохуш, я цунах тера ду а ца бохуш аьлча, иза АллахӀ Цо кхоьллиначух тарвар дац».
[Сунан Тирмизий, агӀо: 246]

Муӏа́вийат ибн Хьакам Суламис (АллахӀ реза хуьйла цунна) дуьйцу, цо боху: «Сан цхьа лай яра Ухьуд а, ЖавванийахӀ а олучу меттигашкахула жа дажош, тӀаккха цхьана дийнахь цига вахча, барзо жа юккъера уьстагӀ баьхьинче тӀекхечира со, ткъа со адам ма дай, нах санна оьгIаза а воьдуш, делахь а, цкъа туьйхира ас цунна, тӀаккха АллахӀан Элчанна (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) тӀевахара со. Цо чӀогӀа даздира ас динарг, ас элира: «ХӀай АллахӀан Элча, маьрша йитий ас и?». Элчано элира: «Цкъа суна тӀе ялае иза». ТӀаккха иза Элчанна тӀе йигира ас. Цо хаьттира цуьнга: «АллахӀ мичахь ву?», - аьлла. Цо жоп делира: «Стиглахь ву». Юха а хаьттира цо: «Со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахӀан Элча ву». ТӀаккха Элчано элира: «Маьрша йита иза, муъмин стаг ю иза». [Сахьи́хь: Муслим: 537]
ХӀижрин 449-гӀа шарахь кхелхина волчу, Ша́фиӀин мазхӀабера волчу Имам Абу́ Ӏусма́н Са́бу́нис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху: «Ша́фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу хьадисаца далил лаьцна... Ша тешаш хиларна, ЦIена волу АллахI Шен кхолламна тIехула хиларх, ворхIе стигална тIехула, Шен Iарш тIехь, иза иштта ахIлус-суннахI вал-жамаIахI болчу бусалба нехан деган тешам а ма-хиллара, церах хьалха дIабаханчеран а, тIаьхьа тIебаьхкиначеран а».
[Iакъи́датус-салаф ва асхьа́бил-хьади́с, агIо: 32]
#АллахӀ_стиглахь_ву