lадлан Харачо
1.66K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сунам ца хаьа, къамел кхечуьнга деш делахь а, эхьа-м суна хета! Шайн цIийца цхьан наха айбин йолу къоман цIе, кхечара цхьа а мах ца боьхуш юхкаш ю! Нохчочуьнга иштта къамел дан вехьар волуш кху латта букъ тIехь цхьа а хир вацар цхьан хенахь, дича а иза сихха цу латта кийрахь карор вара, ткъа хIинца, кху дерриге дуьнен чохь уггаре пайда боцу нахе, дийца дин, я дай боцу нахе дойтуш ду! Сунам ца хаьа, цу ринге тIе волуш хIоттош бехкам бу те яхь, юьхь, эхь, доьналла, стогалла боху хIуманаш охьа дехкича бен волуьйтуш вац цу тIе аьлла! Оццула къамел шега динчуьнга юха куьг муха лур ду, коьрта тIе куьг хьекхарам дуьйцара дац, цуьнна тIе хеча ца юхуш дика Iи!!!

Гуттара лазаме дерг, вай кегирхой бу кху неха фанаташ хилла, кхергара масал оьцуш кхуьуш! Дала декъал йойла, кхин лела ца хууш, я шеш хIун лело деза ца хуучу нахера масал оьцуш кхуьуш йолу вайн тӏаьхье!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Совгӏат

Иштта дошам юй а ца хиънера сунам!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
2001 шо тов!

Хаза хенаш, эхӏ, ма чӏогӏа чехка дӏадели-кх 25 шо!

Цӏахь, хьуьжарехь ас лелийна жайна, цу хенахь сой доьшуш хилли дагахь а ма дацар сунам.

-Къоламца яздора маьӏна, гӏалат далахь а нис дан аьтто хилийта, ткъа къолам чӏогӏа ира бан безар, хӏинцалера даш дуьллу къоламаш юкъа довлаза дара, йоза дуьткъа язо, тар далийта оьшар къолам чӏогӏа ира бан, тӏаккха иза сих-сиха каглора, цундела кийча масех къолам хила безар, маьӏна язош тӏехь ца виса, аз дӏаязъдан аьттонаш а дацар, я хьехархочо хьуна собар ца дора, я собар де ала тахан санна атта дуй а ца хаар. Ткъа наггахь кечбина берриге къоламаш каг белчам кхин тӏе дан во хира дацар, чӏогӏа вухий сиха лой ира беш воллара. Цул тӏаьхьа даш дуьллу къолам юкъа баьлча хилла болу кхаъ дахарехь кхин хилла бац моьтту суна!

-Сайна хӏинцца тӏехь марз делла моьттуш вара со жайна долош а, чекх долуш а терахь язор, цу хенахь дуьйна хилла иза сан ӏадат, 03.09.2001 долийна, 29.04.2004 чекхдаьлла.

-Кхин цхьан хӏумане хьоьжуш ваьллина со леррина, шозза жайне хьожуш чекх ваьлча ца карий суна маьӏна ца язъдеш юкъар йисна меттиг, и бохург - цхьа а дарс юкъар ца даьлла, я тӏаьхьа висна а ца вахна бохург ду, я юкъар даьллехь а со вацар аьлла тӏех ца далийтна, цхьаьнгара тӏе кхиъ дина, 254 агӏо йолу жайна, хӏора дашан маьӏна доккхуш деша воьлча жима а дац, иза а 3 шо герга хене дахделла, хӏора дийнахь хилар дарс, пӏераскан-де, шот-де садоӏуш дара суна дагадарехь, юккъехула ишкол яра, цигаран хьуьжаре дӏаваха везаш нис лора сан цхьан юкъанам, хӏум кхалла чу ваха а йиш йоцуш, тахан кегирхошна санна атта дуй ца хаар-кх дарсан юкъар валар, я тӏехь висна вахар, я со вацар ала!
🚀Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM