lадлан Харачо
1.67K subscribers
557 photos
442 videos
27 files
1.14K links
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Download Telegram
Коронавирус.pdf
759.2 KB
#Жайна

«Коронавирус»

Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан
Коронавирус - Оьрсийн маттахь.pdf
735.7 KB
#Жайна

«Коронавирус на русском»

Перевод с арабского: Iадлан Каимов
Коронавирусах велларг эхартан шахӀид ву

Ибн Хьажар Iаскъала́нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ШахӀидаш тайп-тайпана бу: дуьненахь а, эхартахь а шахӀид лорург ву, иза - АллахӀан дош лакхадаккха, керста нахаца тӀом беш, велларг ву.
Дуьненахь бен шахӀид ца лорург ву, иза - керста нахаца тӀом беш велларг ву, амма ният цӀена ца хилла цуьнан, масала, иштта керста нахаца эскар вовшахкхетча, букъ берзийна, ведда иза.
Эхартахь бен шахӀид ца лорург ву, уьш - кхидӀа бисина болу шахӀидаш бу (хи бух вахана, пен тӀебоьжна, доьзалхо веш елла зуда, уьнах велларг, иштта уьш саннарш)».

[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 189]
https://tlgg.ru/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьо дог паргӀат хила, нагахь хӀара видео гича ахь хӀара дешнаш аьллехь, хьуна коронавирус кхетар яц хьуна!

الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي عَافَانِي مِمَّا ابْتَلَاكَ بِهِ وَفَضَّلَنِي عَلَى كَثِيرٍ مِمَّنْ خَلَقَ تَفْضِيلًا
АлхьамдулиллахIиллази́
Iа́фа́ни́ миммабтала́ка бихIи, ва фаддалани́ Iала́ каси́рин мим-ман халакъа тафды́ла́

Цуьнан тоьшалла:

Абу ХӀурайрата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Цхьа лазар долуш верг гиначо алахь «АлхьамдулиллахIиллази́ Iа́фа́ни́ миммабтала́ка бихIи, ва фаддалани́ Iала́ каси́рин мим-ман халакъа тафды́ла́», и цамгар цунна кхетар яц».

[Сахьи́хь лигIайрихIи: Тирмизий: 3432. Алба́нис сахьи́хь лигIайрихIи дина «Сахьи́хь таргIи́б ват-тархIи́б» жайнахь: 3392]

Пайхамар дош харц хила йиш яц хьуна, нагахь даггара Цуьнан дашех хьо тешаш велахь!
https://tlgg.ru/adlan_haracho
• «Бида́йатул-мутафакххихI» олу фикъх жайнан тIера марх кхабаран, иIтикаф даран а меттиг йоьшуш дарс хир ду ницкъ кхачаран барамехь хIора дийнахь кху чохь https://us04web.zoom.us/j/5837384242

• ЦIера хенаца 21:00, кхана дуьххьар дарс хир долуш. Нагахь, хьала ца латош, 5 минот тIаьхьависнехь, дарс дац боху маьIна ду.

• Деккъа мутIелимашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIоранна пайда эца аьтто болуш хир ду, тIе кхочуш мархийн бутт хиларх терра, цу баттахь хаттарш хIоранна а хуьлу, цундела, коьрта хаьа дезарг цуьнах довзийта а, пайда эцийта долош ду дарс.

• Запись ян пурба ца ло цхьанна а, юха тIаьхьа записаш кечйина, чуйохкур йолуш ю.

• Ткъа вайн чекхдаьлларш «Бида́яхI фи́ Iилмил Iакъи́дахI»,
«Сала́сатул усу́ли»,
«Ал-Iакъидату аввалан»,
«Ситтату усул» цIе йолу Iакъидат диъ жайна ду.
https://tlgg.ru/adlan_haracho
Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯIкъу‌ба (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

Коронавирусах вайна хилла бала, бусалба нахе диллича инзаре чӀогӀа боккха бала бу! Нах цомгуш а хуьлуш, балар бохучу тӀехь чекхдолуш дац иза, мелхо а, кхин коьрта дерг - хӀара бала вайн динах хьакхабелла бу, АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхоьруш хилла долу хьал ду иза, цунах ша ларвар а дехна долу, цо олуш хилла-кх: «Я АллахӀ, тхан динах хьакхалуш бала ма ло Ахь тхуна». Ткъа вайн динах хьакхабелла хӀара бала, маьждигаш дӀакъевлина, рузба сацийна, сийлахь Макка, Мадинат дӀакъевлина! Адам пайхамара (ӀалайхӀис-салам) доьттинчу баххаш тӀехь ИбрахӀим пайхамара (ӀалайхӀис-салам) Хьаж-цӀа доьттичхьана дуьйна къевлина доцу КаӀба дӀакъевлина! Бохам ма бу хӀара! Исламан тарихехь дуьххьара, 1431 шарахь дуьххьара вайн заманахь рузба сацийна! Цундела ас боху, хӀара вайн динах хьакхалуш бохам вайна тӀебеъна ма бац, вайл хьалха цхьаммо а дина доцу къинош вай дар бахьана долуш бен! Вай ду бехке! «Шуьга цхьа а бохам кхочуш ма бац, аша дина хӀума бахьана долуш бен, дуккха долчунна геч а до». [Сурат: Шу‌ра‌, аят: 30] Цундела, дерриг умматера тоба ду оьшуш, массаьргара а, кхоччуш. Цул тӀаьхьа, хӀорангара а шен къаьсттина долчу къинойх тоба оьшу, хӀораммо а мукIарло деш бусалба нахе динах хьакхалуш кхаьчначу бохамна бехке ву-кх ша аьлла!

[Хьехам: Ӏамал фи‌ заман корона]
Коронавирусах шахӀидийн дарже кхача

Ӏа́ишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина: «Ас хаьттира АллахӀан Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) уьнах лаьцна, АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) суна дийцира иза АллахӀан Ӏазап хилар, Цо шена луучунна тӀетосуш, ткъа муъмин нахана къинхетам бина Цо иза, цхьа а ма вац и ун даьржича собаре а, АллахӀера йоле сатуьйсуш а волуш шен чохь сецна, АллахӀа шена яздинарг бен хир доций а хууш, шахӀидийн дарже иза кхаьчний бен». [Сахьихь: Муснад Ахьмад: 26139]

Ибн Хьажар Ӏаскъала́нис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ХӀокху хьадисан дешнаш а, цунах болчу кхетамо а гойту - шахӀидна йоллу ял язйо хьуна:
-И ун даьржинчу махкара дӀа ца ваханчунна, АллахӀера йоле сатуьйсуш и Ӏийна а велахь, Цуьнан чӀагӀо кхочушхиларе хьоьжуш а волуш.
-Хууш а волуш, шена ун кхетахь - иза АллахӀан кхелаца дуй а, шена иза ца кхеташ тӀехдалахь - иза а АллахӀан кхелаца дуй.
-Иза шена кхетарна кхоьруш воьхна хьийзаш а воцуш, ткъа иза шена кхетахь хӀетте а вухур воцуш.
-Ша могуш волуш а, маьрша волуш а шен Далла тӀе тевжина хилар.
Ткъа хӀара хӀуманаш ларош а волуш, ун доцуш, цхьана кхечу бахьаница цуьнан валар нисделлехь а, хьадисо гойтург-м цунна шахӀидна йоллу ял хилар ду...

ТӀаккха цу тӀера кхин хаттар кхоллало, и лакхахь вай хьахийна хӀуманаш ларош чекхваьлла, ун а дӀадаьлла, цуьнан валар а ца нисделла уьнах а я и ун даьржина долуш а, иза лорур вуй шахӀид я вац?
Хьадисах схьагуш дерг-м иза а цу юкъагӀур хилар ду, АллахӀан комаьршалла йоккха ю, муъмин стеган ният кхочу цуьнан Ӏамал ца кхочуче...

Ткъа царех шахӀидийн дарж уггар лакхара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, ун кхетта велларг ву.
Цул лахара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, ун кхетта, амма цунах валар ца нисделларг ву.
Цунна улле дерг - и вай дийцинарг ларош волуш, амма ун доцуш, цхьана кхечу хӀуманах велларг ву.
Царех массарел лахара дерг - и вай дийцинарг ларош волуш чекхваьлла, амма цунна ун ца кхетта я и ун даьржинчу хенахь валар а ца нисделла.

Иштта схьакхета Ӏаишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцинчу хьадисах, и лакхахь вай дийцинарг ларош ца хилларг шахӀид хир вац хьуна, ун кхетта велча а, кхечу кепара валар-м дуьйцур а дац!

Иштта схьакхета Ӏаишата (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцинчу хьадисах, ун даьржича собаре волуш, и лакхахь вай дийцинарг ларош а волуш чекхваьллачуьнга кошахь барт хоттур бац, хӀунда аьлча иза АллахӀан новкъахь гӀазотехь волчух терра волун дела. Ткъа АллахӀан новкъахь гӀазотехь кхелхинчуьнга кошахь барт хоттур цахилар долуш ду, Салманера Муслима дийцинчу хьадисехь ма-хиллара, цо аьлла: «АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) олуш хезира суна: «ГӀазотехь даьккхина цхьа де-буьйса дезох ма ду, буьйсанаш денъеш баттахь кхаьбначу марханел а, нагахь цигахь цуьнан кхалхар нислахь, къемат-де кхаччалц гӀазотехь волуш санна ял язъеш а лаьттар ю цунна, цуьнан рицкъ а сацор дац, кошахь барт хаттар а хир дац»». [Сахьихь: Муслим: 1913]

[Базлул-ма́Ӏу́н фи́ фадлид-тӀа́Ӏу́н, агӀо: 200-203]
https://tlgg.ru/adlan_haracho