Ливанехь цхьана бусалба стаге аьлла, шен кафе чуьра Францин сурсаташ арайохуш волу: «Ахь хIун леладо, къаьркъа а духкуш Iаш волу?» ТIаккха жоп делла цо: «Бакъду, ша къаьркъа духку, амма шен сий ца духку ша!».
Иштта Мароккехь кхечо шен къаьркъа духку бар чуьра Францин къаьркъа арадоккхуш.
Мел хаза ду, Iеса белахь а, шайн Элчанан сий дуьхьа оьгӀаза бахар, шайн ницкъ кхочург дан гIортар.
https://tlgg.ru/adlan_haracho

Forwarded from Ахьмад Хьамза
Нисса цхьа шо хьалха, 2019 шеран 18-чу ноябрехь оршот дийнахь дIакхелхина вайна юкъара Шайх Ахьмад Хьамза.
Шайх Ахьмад, ламазца чIогIа уьйр-марзо йолуш а, и ларъдеш а, дуьззина и дешболчарех а вара.
Дарбан цIийнахь волу кхоалгIачу дийнахь Ахьмаде хаьттира: "ХIума кхоллий ахь" - аьлла.
Ахьмада элира: "Жимма кхоллур яра ас" - аьлла.
ТIаккха сихха туькана а вахана, цо кхоллун ерг эца а эцна, цунна яо хIоьттира цуьнан кIант. Цхьа Iайг кхалла а йина, шолгIа Iайг кхаллочу хенахь, Ахьмада вист а ца хуьлуш шен куьгаца Iайг дIа а теттина ша хиина Iаччохь сихха ламаз дихкира. Ша ши ракаIат ламаз дина ваьлча, кхин вист а ца хуьлуш, дIа а тевжина гIийла корта а лестош Дела хьехон вуьйлира и. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале цамгар кхин а чIагIъелла реанимаци чу вигира и. Цу чохь кхин кхетамчу ца вогIуш шолгIачу дийнахь дIавелира и.
Иштта ламазца дIадерзийра цо шен дуьненан дахар. Гуттар доьхуш хуьлура и: «Я АллахI! Хаза чеккхе е Ахь сан» - бохуш.
Дала къинхетам бойла цунах, Дала фирдовс ялсаманин охIлунах войла и. Амин

Кхо бух а, церан тоьшаллаш а.pdf
1.2 MB
#Жайна
«Кхо бух а, церан тоьшаллаш а»
Яздинарг: Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIа́б
Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан
«Кхо бух а, церан тоьшаллаш а»
Яздинарг: Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIа́б
Гочдинарг: Нурдин кIант Iадлан